Joshua 14:1-5
Йордан-хина малхбузехьа латта декъар
1ХӀара ду исраилхошна юкъахь Йордан-хина малхбузехь болу КанаӀан-мохк бекъарх долу дийцар. Мохк боькъуш, цунах царна дакъош дира динан дас ЭлиӀазара а, Нунин кӀанта ЮшаӀа а, исраилхойн тайпанашкахь болчу доьзалийн тхьамданаша а. 2 aВезачу Эло Мусагахула тӀе-ма-диллара, кхаж а тосуш, дийкъира цара иза исс тайпанна а, Маннашан эха тайпанна а. 3 bШина тайпанна а, Маннашан тайпанан вукху эханна а Мусас Йорданал дехьа, малхбалерчу агӀор, дакъа деллера, ткъа Левин тайпанах болчарна царна юкъахь дакъа ца деллера. 4Юсупан кӀентех ши тайпа схьадаьллера: Маннашан а, Эпрайман а. Ткъа Левин тӀаьхьенашна латта ца деллера, царна гӀаланаш еллера, бежанаш а, жаш а лело меттигаш а луш. 5Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара, дира исраилхоша дерриг а, шаьш лаьттан дакъош доькъуш.
Copyright information for
CheCAC2012