Joshua 15:13-19
Килаба Хьеврон а, Дибар а схьаяккхар
(Куьйгалхой 1:11-15)
13 aВезачу Эло шена тӀе-ма-диллара, Епунин кӀантана Килабана ЯхӀудан тайпанна юкъахь дакъа делира ЮшаӀа. Цо цунна елларг Кхиръят-АрбаӀ яра, хӀинца шех Хьеврон-гӀала олуш йолу. (АрбаӀ Ӏаьнакхан да хилла.) 14Килаба цигара Ӏаьнакхан тӀаьхьенаш араехира. Уьш Шешайн а, Ахьиманан а, Талмайн а цӀийнах болу нах бара. 15Кхузара дӀа Дибар-гӀалин бахархошна тӀелетира иза. (Цу гӀалин цӀе хьалха Кхиръят-Сапар яра.) 16Килаба элира: «Кхиръят-Сапарна тӀе а летта, и гӀала схьаяьккхинчу стаге сайн йоӀ Ӏахисат маре йохуьйтур ю ас». 17Килабан вешин Кхеназан кӀанта Ӏотниал схьаяьккхира и гӀала, тӀаккха цуьнга шен йоӀ Ӏахисат маре яхийтира Килаба. 18Майрачун цӀен тӀе дӀайоьдучу дийнахь Ӏотниал тешийра цо, шен дега Килабе латта деха деза аьлла ▼▼Майрачун цӀен тӀе дӀайоьдучу дийнахь Ӏотниал тешийра цо, шен дега Килабе латта деха деза аьлла – Грекийн гочдар тӀехь: Майрачун цӀен тӀе иза дӀайоьдучу дийнахь Ӏотниала тӀедиллира цунна, Килабе аре еха аьлла.
. Ӏахисат вира тӀера чуйоьссича, Килаба хаьттира цуьнга: «ХӀумма а оьший хьуна?» 19ЙоӀа элира: «Декъалъе со. Ахь суна делла латта декъа а, даьсса а ду, хин хьостанаш долу латта ахьа сайна дала лаьара суна». ТӀаккха Килаба лакхара а, лахара а хьостанаш дӀаделира цунна.
Copyright information for
CheCAC2012