Joshua 3:14-17
14Йорданах дехьадала дагахь халкъ шен меттамотт болчуьра дӀадоладелча, динан дайша бартбаран тӀорказ, нахана хьалха а даьккхина, дӀадаьхьира. Халкъ царна тӀаьххье дӀадахара. 15ТӀорказ эцна боьлхучу динан дайн когаш Йордан-хи чу бовллушехь (кӀа хьокхучу хенахь Йордан, деста а дестий, бердаш чуьра арадолу), 16лакхара догӀу хи, саца а сецна, геннахь, ЦӀартан-гӀалина уллора Адам-гӀала йолчохь, пен а хилла, дӀахӀоьттира. Шерачу аренашка а, Дуьрачу хӀорда чу а доьдуш долу хи, дӀа а дахана, дӀаделира. Нах Ерихон-гӀалина дуьххьал хих дехьабовлуш бара. 17Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ дахьаш богӀу динан дай Йордан юккъехь декъачу лаьтта тӀехь севцира, берриш а исраилхой декъачу лаьтта тӀехула Йорданах дехьабовллалц.
Copyright information for
CheCAC2012