‏ Joshua 6:12-21

12Везачу Элан тӀорказна хьалха ворхӀ маӀа дӀахьош волу ворхӀ динан да, маӀаш а лоькхуш, дӀавоьдуш вара. Герзашца берш царна хьалхабевлла дӀабоьлхура, ткъа кхиберш тӀорказна тӀаьхьахӀиттина богӀура. Массо а маӀа лоькхуш яра. 13Иштта шолгӀачу дийнахь а, гӀалина цхьа го а баьккхина, шайн меттамотт болчу юхабаьхкира уьш. Ялх дийнахь дира цара иза.

14ВорхӀалгӀачу дийнахь, маьлхан зӀаьнарш гучуйовлучу хенахь хьала а гӀевттина, гӀалина цу кеппара ворхӀ го баьккхира цара. Цу дийнахь бен ца баьккхира цара гӀалина ворхӀ го. 15Динан дайша ворхӀалгӀа а маӀаш лекхначул тӀаьхьа, ЮшаӀа халкъе омра дира: «Мохь тоха! Везачу Эло дӀаелла шуна гӀала! 16ГӀала а, дерриг а цу чохь дерг а Везачу Элана лерина ду. Нахаца лелаш йолу Рахьаб а, цуьнан цӀера нах а дийна бита, хӀунда аьлча цу зудчо вай бахийтина нах къайлабаьхнера. 17Амма аша цхьа а хӀума схьа ма эца, шайна бохам ца хилийта. Везачу Элана леринчух цхьа хӀума схьаэцахь, исраилхойн меттаматтана хӀаллакьхиллал зен дийр ду аша. 18Дерриг а дети а, деши а, цӀестан а, аьчка а пхьегӀаш а дӀакъастае Везачу Элана. Уьш Цуьнан хазни чохь хир ю».

19 aЛокхучу маӀийн аз ма-хеззи, халкъо цхьаьний чӀоггӀа мохь туьйхира – гӀалин пен охьабуьйжира. Берриг а исраилхой шаьш лаьтташ болчуьра гӀали чу бахара, цара схьаяьккхира иза. 20Шайн таррашца гӀали чохь дийна долу хӀума дерриг а хӀаллакдира цара: божарий а, зударий а, къонанаш а, къенанаш а, бежанаш а, уьстагӀий а, варраш а.

21Кху гӀалахь хӀун ду хьажа хьалха ваийтинчу шина жимачу стаге ЮшаӀа элира: «Нахаца лелачу цу зудчун цӀа чу а гӀой, иза а, цуьнан гергара нах а арабаха, шаьш цунна чӀагӀо йина ма-хиллара».
Copyright information for CheCAC2012