Joshua 6:22-25
22ДӀаваханчу цу жимачу шина стага Рахьаб а, цуьнан да а, нана а, вежарий а, и йолчохь болу берриг а гергара нах а, ара а баьхна, исраилхойн меттаматтана улло дӀабигира. 23Юха гӀала а, цу чохь долу хӀума а цӀергахь дагийра. Дети а, деши а, цӀестан а, аьчка а пхьегӀаш бен ца йитира, уьш Везачу Элана Ӏамал ечу меттиган хазни чу ехкира. 24 aНахаца лела Рахьаб а, цуьнан цӀийнах а, гергара а болу нах ЮшаӀа дийна битира, хӀунда аьлча цу зудчо ЮшаӀа Ерихоне хьовса бахийтинарш, дӀа а лачкъийна, кӀелхьарбаьхнера. Рахьабан тӀаьхьенах болу нах хӀинца а исраилхошна юкъахь Ӏаш бу. 25 bЦу хенахь ЮшаӀа, чӀагӀо а еш, элира: «Везачу Элана хьалха нажжаз хир ву Ерихон-гӀала юхаметтахӀоттийнарг. Кху гӀалин бух боьттинчун хьалхара кӀант лийр ву.ГӀалин ков дӀахӀоттийнарг жимах волчу кӀантах вер ву».
Copyright information for
CheCAC2012