bАрадаккхар 20:25.
Joshua 8:30-32
Ӏейбал-лам тӀехь товрат-хьехам бешар
30 aЮха исраилхойн Везачу Далла лерина сагӀа доккху меттиг кечйира ЮшаӀа Ӏейбал-лам тӀехь. 31 bВезачу Элан ялхочо Мусас исраилхошна тӀе-ма-диллара, товрат-хьехам тӀехь болчу шен тептар тӀехь цо яздина ма-хиллара, кечйинера и меттиг, аьчка гӀирсаца кегдазчу тӀулгех йина а йолуш. Цу тӀехь Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш дехира. 32Мусан товрат-хьехамна тӀера дешнаш яздира ЮшаӀа цу тӀулгаш тӀехь исраилхошна хьалха.
Copyright information for
CheCAC2012