‏ Joshua 8:33-35

33 aБерриг исраилхой а, церан къаной а, тхьамданаш а, кхелахой а цхьаьна, Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказна шина агӀор динан дай болчу, тӀорказ лелочу левихошна дуьхьал дӀахӀиттира. Царна юкъахь тӀебаьхкина нах а, шайн схьабовларехь исраилхой берш а бара. Халкъан цхьа ах Герзим-ломана дуьхьал, ткъа важа ах Ӏейбал-ломана дуьхьал дӀахӀоьттира, хьалха Везачу Элан ялхочо Мусас Исраилан халкъ декъалдан тӀе-ма-диллара. 34Юха ЮшаӀа дӀадийшира товрат-хьехаман дерриг а дешнаш, декъалвар а, неӀалт кхайкхор а чу а лоцуш, товрат-хьехаман тептар тӀехь иза яздина ма-хиллара. 35Дерриге а Мусас тӀедиллинчунна юкъара цхьа дош а ца дисира ЮшаӀа берриг а исраилхошна хьалха дешаза. Халкъана юкъахь, божарел сов, зударий а, бераш а, исраилхошна юкъахь Ӏаш болу тӀебаьхкина нах а бара.
Copyright information for CheCAC2012