Judges 1:11-15
Дибар-гӀала эшор
(ЮшаӀ 15:13-19)
11Цигара бевлча, яхӀудхой Дибар-гӀалин бахархошна тӀелата бахара (Дибар-гӀалин цӀе хьалха Кхиръят-Сапар хилла). 12Килаба элира: «Кхиръят-Сапар эша а йина, иза караерзийначуьнга сайн йоӀ Ӏахисат маре дӀалур ю аса». 13Килабан вешин Кхеназан кӀанта Ӏотниала и гӀала схьаяьккхира. ТӀаккха Килаба цуьнга шен йоӀ Ӏахисат маре дӀаелира. 14Ӏотниал волчу а яхана, иза тешийра цо, шен дега Килабе латта деха деза аьлла ▼▼Ӏотниал волчу а яхана, иза тешийра цо, шен дега Килабе латта деха деза аьлла – Грекийн гочдар тӀехь: Ӏотниал волчу яхача, иза шен дега Килабе латта деха деза аьлла, тешийра цо.
. Шен йоӀ вир тӀера охьайоьссича, Килаба цуьнга хаьттира: «Хьуна хӀун оьшу?» 15Ӏахисата цуьнга элира: «Декъалъе со. Яьсса НегӀаб-аре ахьа суна елла, хӀинца цхьадолу хин хьостанаш а ло суна». Килаба цуьнан дехар кхочушдира: лакхара а, лахара а хин хьостанаш дӀаделира цо цунна.
Copyright information for
CheCAC2012