‏ Judges 10:10-15

10Везачу Эле гӀо доьхуш, кхойкхуш бара Исраилан кӀентий. «Тхан Дела, Хьуна хьалха оха къинош летийна. Тхайн Дела вита а витина, БаӀал санна долчу харцделанашна Ӏамал еш дара тхо», – бохура цара.

11Везачу Эло Исраилан халкъе элира: «Шаьш мисархойн а, эмархойн а, Ӏамминхойн а, пӀелаштамхойн а, 12цӀаданхойн а, Ӏамалекхахойн а, маӀунхойн а карахь долуш аша Соьга гӀо доьхура. Аса цу нехан карара шу схьа ма дехира. 13Амма шу, Со а витина, кхечу деланашна Ӏамалъян дуьйладелира. Аса шу кхин кӀелхьардохур дац. 14Даха а гӀой, шаьш хаьржинчу деланашка гӀо деха. Цаьрга дахийта шаьш хьоьгучу баланах кӀелхьара».

15Амма Исраилан халкъо Везачу Эле элира: «Оха тхайх къа латийна. Хьайна луъург тхох дан а дай, хӀинца кӀелхьардахахьара Ахьа тхо».
Copyright information for CheCAC2012