‏ Judges 13:2-25

2Цу хенахь Манахь цӀе а йолуш, Данан тӀаьхьенах волу цхьа стаг вара ЦорӀа-гӀалахь вехаш. Цуьнан зуда берах хуьлуш яцара. 3Цу зудчунна дуьхьал Везачу Элан Малик деара. Цо элира: «Хьо берах хуьлуш а, бер деш а ца хиллехь а, ахьа, берах а хилла, кӀант вийр ву. 4ХӀинцачул тӀаьхьа ларлуш хила, цхьанна а тайпана долу чагӀар а ма мала, Далла хьалха боьха йолу хӀума а ма яа. 5 aХӀинца берах а хилла, ахьа кӀант вича, цуьнан корта дӀа ма башийта, хӀунда аьлча иза хьан кийрахь волчу хенахь дуьйна Дала къобалвина назархо хир ву, иза Исраилан халкъ пӀелаштамхойх кӀелхьардаккха волалур ву».

6Зудчо, схьа а еана, шен майрачуьнга элира: «Делан стаг веанера со йолчу. ТӀехьаьжча, Делан маликах тера а волуш, чӀогӀа даг чу кхерам тосуьйтуш стаг вара иза. Аса мичара ву аьлла ца хаьттира цуьнга, ткъа цо шен цӀе а ца яьккхира. 7Цо элира: „Ахьа кӀант вийр ву. Цундела цхьа а тайпана вахош долу малар а ма мала, Далла цӀена хетарг бен хӀума а ма яа, хӀунда аьлча и бер хьан кийрахь долчу хенахь дуьйна ша дуьнен чуьра дӀадаллалц Дала вазвина назархо хир ву“».

8ТӀаккха Манахьа шен доӀанна тӀехь Везачу Эле дехар деш элира: «Веза Эла! Делан стаг кхин а цкъа тхо долчу ваийтахьара Ахьа, тхоьга дуьнен чу дала дезачу цу берана оха хӀун дан деза дуьйцуш».

9Далла Манахьан аз дӀахезира. Делан малик, Манахьан зуда йолчу юха а деана, дӀахӀоьттира. Цу хенахь иза аренгахь яра, цунна уллохь цуьнан майра волу Манахь а вацара. 10Едда шен майра волчу а яхана, зудчо цуьнга хаам беш элира: «Со йолчу юха а тохарлера стаг веана».

11Манахь, хьала а гӀаьттина, шен зудчунна тӀаьхьа а хӀоьттина, цу стагана тӀевахара. Цо элира: «Хьо вуй хӀокху зудчуьнца къамел динарг?»

Малико элира: «Со ву».

12Манахьа элира: «И хьан дешнаш кхочушхиллачул тӀаьхьа, кӀант муха кхио веза оха? Цунна хӀун дан деза?»

13Везачу Элан Малико элира: «Хьайн зудчуьнга аса мел аьллачух ларло ала. 14Кемсийн таьллангех йолуш йолу хӀума ма яийта, вахош долу маларш а ма малийта, Далла боьха хетачу хӀуманех мотт а ма тохийта. И аса аьлларг дерриг а кхочушдайта цуьнга».

15Манахьа Везачу Элан Малике элира: «Тхуна хьо социйла лаьара, буьхьиган жижиг кхихкина даллалц».

16Везачу Элан Малико Манахье элира: «Со кхузахь соцуш хилахь а, аса хьан кхача буур бац. Нагахь санна дийнаташ дагоран сагӀа даккха лууш хьо велахь, и гӀуллакх Везачу Элан дуьхьа де». Манахьана ца хаьара, иза Везачу Элан Малик дуйла.

17Манахьа Везачу Элан Малике элира: «Хьан цӀе хӀун ю? Хьан дешнаш кхочушхилча, тхуна луур ду хьан сий хьаладаккха».

18Везачу Элан Малико цуьнга элира: «Сан цӀе хӀунда хоьтту ахьа? Иза тамашийна ю».

19ТӀаккха Манахьа, буьхьиг а, кӀа а схьа а эцна, тӀулга тӀехь Везачу Элана сагӀа даьккхира. Манахь а, цуьнан зуда а хьоьжучу хенахь Везачу Эло цхьа тамашийна гӀуллакх дира. 20СагӀа доккхучу тӀулгашна тӀера цӀе стигала хьалаяхча, Везачу Элан Малик цу цӀарца стигала хьаладахара. И хӀума шайна гича, Манахь а, цуьнан зуда а лаьтта бертал охьадуьйжира. 21Везачу Элан Малик Манахьана а, цуьнан зудчунна а гучуьра къайладелира. ТӀаккха Манахьана хиира, иза Везачу Элан Малик дуйла.

22Манахьа шен зудчуьнга элира: «Вайна Дела гира! Цундела вайшиъ лийр ду!»

23Амма цуьнан зудчо элира: «Везачу Элана вайшиъ ден лиънехь, Цо вайшиммо сагӀина лерина йолу буьхьиг а, кӀен сагӀа а дӀаоьцур дацара. Иштта Цо Ша гайтинарг а гойтур дацара вайна я цхьа а тайпана хӀума а эр дацара».

24Цу зудчо кӀант вира, цуьнан цӀе Шамшон а тиллира. И бер кхуьуш догӀуш дара, Везачу Эло иза къобал а дора. 25Везачу Элан Са иза меттахъхьеван доладелира Махьаней-Дан цӀе йолчу меттехь иза волчу хенахь. И меттиг ЦорӀаний, Эштаулний юккъехь дӀахӀоттийна яра.

‏ Judges 14

Шамшона зуда ялайо

1Цхьана дийнахь Шамшон Тамна-гӀала вахча, цунна пӀелаштамхойн цхьа жима зуда гира. 2ЦӀа а веана, цо шен дегий, неней элира: «Суна Тамна-гӀалахь пӀелаштамхойн цхьа йоӀ гира. Иза суна схьаялае».

3Дас-нанас цуьнга элира: «Хьан гергарчарна я къомана юкъахь яц ахьа ялон мегар йолу йоӀ? Стенна лоьху ахьа сунтбаза болчу пӀелаштамхошна юкъахь хьайна яло зуда?»

Амма Шамшона шен дега элира: «Иза ялае суна. И йоӀ суна хазахетта».

4Цуьнан дений, нанний ца хаьара, и хӀума Везачу Элера дуйла: Иза пӀелаштамхошна бекхам бан меттиг йоккхуш вара. Цу хенахь пӀелаштамхой Исраилан махкахь олалла деш бара.

5Шамшон шен деций, ненаций Тамна-гӀала вахара. Цу гӀалин йистехь йолчу кемсийн беша улло хӀорш нисбелча, цунна дуьхьал, гӀигӀ деш, къона лом делира. 6Шамшонна тӀе Везачу Элан Са доьссира, тӀаккха цо и лом, буьхьиг санна, этӀийна, цистина, дӀадаьккхира. Цо шен дега а, нене а цунах лаьцна хӀумма а ца элира.

7Шамшона, гӀала а веана, цу пӀелаштамхойн йоӀаца къамел дира. Цунна иза езаелира. 8Масех де даьлча, иза юха а цу гӀала вахара, шена пӀелаштамхойн и йоӀ яло дагахь. Новкъахула дӀавоьдуш, ша дийна долчу лоьме хьажа вахара иза. Еллачу хӀуманна чохь цунна гира накхармозийн вай а, моз а. 9Шамшона и моз, куьйгаца схьа а эцна, новкъахула дӀавоьддушехь диира. ЦӀа веача, шен дений, нанний кӀеззиг моз делира цо. Цара иза диира. Амма Шамшона цаьрга дӀа ца элира, ша и моз деллачу лоьмана чуьра даьккхина хилар.

10Шамшонан да цу йоӀе хьажа вахара. Цигахь Шамшона, зуда ялош волчо ма-хӀоттора, той дӀахӀоттийра. 11Шамшон шайна гича, пӀелаштамхоша ткъе итт стаг вахийтира иза волчу. Уьш цуьнца хила безаш бара. 12Шамшона цаьрга элира: «Аса хӀетал-метал лур ду шуна. Той дӀахьочу ворхӀ дийнахь шуна иза хаахь, аса гатанан ткъе итт духар а, хуьйцуш юха ткъе итт тӀехулара бедар а лур ю шуна. 13Нагахь санна аса делла долу хӀетал-метал шуна ца хаахь, аша суна схьаяла еза ткъе итт коч а, ткъе уьттазза хийца бедар а».

Цара элира: «Схьаала хьайн хӀетал-метал. Тхо ладугӀуш ду».

14Шамшона цаьрга хӀетал-метал делира: «Юуш волчунна чуьра яа хӀума елира,
ткъа ницкъ болуш волчунна чуьра мерзаниг елира».

Кхаа дийнахь хӀетал-метална жоп дала ца хууш Ӏийра уьш.

15ДоьалгӀачу
ДоьалгӀачу – иштта грекийн гочдаре хьаьжжина ду. Ӏебархойн маттахь: ВорхӀалгӀачу.
дийнахь Шамшонан зудчуьнга цара элира: «ХӀетал-метал схьаала бертавалаве хьайн майра. Иза цо схьа ца алахь, оха хьо а, хьан ден цӀа а дагор ду. ЧӀим санна, тхо цӀандан кхайкхинера аша?»

16Зуда, йоьлхуш, дӀахӀоьттира Шамшонна хьалха. Цо бохура: «Хьуна со ца еза. Сан къомана хӀетал-метал делла ахьа, ткъа соьга иза ахьа схьа ца олу».

Шамшона цуьнга элира: «Сайн дега а, нене а ца аьлла аса иза. Ткъа хьоьга ала дезара аса иза?»
17Кхаьргахь той дӀахьочу ворхӀ дийнахь йилхина иза Шамшонна хьалха. ТӀаьххьара а ворхӀалгӀачу дийнахь зуда шега дехар дечуьра ца сецча, цо цуьнга хӀетал-метал дӀадийцира. ТӀаккха зудчо и хӀетал-метал шен къомах болчарна довзийтира. 18ВорхӀалгӀачу дийнахь малх дӀабузале пӀелаштамхоша Шамшоне элира: «Мазал мерза хӀун ю,
лоьмал ницкъ болуш мила ву?»

Ткъа Шамшона цаьрга элира: «Сан дуьхьаргана тӀехь аша охана деш ца хиллехь,
шуна сан хӀетал-метал хуур дацара».

19Цуьнга ницкъ боуьйтуш, Везачу Элан Са доьссира Шамшонна тӀе. Цо, Ашкхилун цӀе йолчу гӀала а вахана, цигахь ткъе итт пӀелаштамхо а вийна, царна тӀера кучамаш а, кхийолу бедарш а, схьа а яьхна, хӀетал-метал хиъначарна дӀаелира. Цул тӀаьхьа, чӀогӀа оьгӀаз а вахана, иза шен ден цӀа вахара. 20Ткъа Шамшонан зуда церан тойнехь хьаша хиллачу кхуьнан доттагӀчуьнга маре дӀаелира.

‏ Judges 15

Шамшона пӀелаштамхошна сингаттам бахьа

1Масех де даьлча, кӀа хьокхучу хенахь, Шамшон шен зуда йолчу веара, жима буьхьиг а яхьаш, иза гархьама. Стундега цо элира: «Сайн зуда дӀаюьжучу чугӀур ву со». Амма вукхо иза чу ца вахийтира. 2Цо элира: «Суна моьттинера, иза хьуна ца езаелла, цундела аса иза хьан доттагӀчуьнга маре дӀаелира. Цул жимах ерг хазо ю хьуна, иза цуьнан метта дӀайига».

3Амма Шамшона цаьрга элира: «ХӀинца суна цхьаммо а бехк буьллур бац, аса пӀелаштамхошна зен дахь». 4Шамшона, ваха а вахана, кхо бӀе цхьогал а лаьцна, уьш шишша цхьаьна шайн цӀогарчашца дӀа а дихкина, хӀора шина цӀоганна юкъахь хаьштиг дихкира. 5И хаьштигаш лата а дина, цо и кхо бӀе цхьогал пӀелаштамхойн кхашна тӀе дӀахийцира. Хьаькхна лаьтташ долу кӀен цӀевнаш а, хьакхаза долу кӀа а, кемсийн аренаш а, зайт-дитташ а дагийна дӀадехира. 6ПӀелаштамхоша хоьттура: «Иза хьан дина?» Царна жоп делира: «Тамнахочун нуц волчу Шамшона дина, шен зуда цуьнан дас кхечунна дӀаелла дела». ПӀелаштамхоша и зуда а, цуьнан да а волчу а баьхкина, уьш, цӀе а тесна, багийра.

7Шамшона цаьрга элира: «Аша иза дарна, аса бекхам бийр бу шуна. Цул тӀаьхьа бен суна тем хир бац». 8Настарш а, хенаш а кегдина, пӀелаштамхой охьабехкира цо. Цул тӀаьхьа иза ӀайтӀам олучу тархана уллорачу чӀожа чохь охьахиира.

Шамшона пӀелаштамхошна тӀехь толам баккхар

9Ткъа пӀелаштамхой, тӀамана ара а бевлла, ЯхӀуд-махкахь шайн меттамотт дӀа а хӀоттийна, Лахьи олучу меттигна тӀелетира. 10ЯхӀуд-махкарчу бахархоша цаьрга хаьттира: «Шу тхуна дуьхьал хӀунда девлла?»

ПӀелаштамхоша жоп делира: «Тхо, Шамшон схьа а лаьцна, иза дӀавехка даьхкина. Оха цунна тӀехь а дийр ду цо тхайна диннарг».
11ЯхӀуд-махкара кхаа эзар стага, ӀайтӀам цӀе йолчу тархана уллохь Ӏуьллучу чӀожа чу а вахана, Шамшоне элира: «Хьуна ца хаьа пӀелаштамхой тхуна тӀехь олалла деш дӀахӀиттинийла? ХӀунда дина ахьа иза?»

Шамшона цаьрга элира: «Цара суна динарг аса царна дӀадекхна».

12ТӀаккха цара цуьнга элира: «Тхо хьо, дӀа а вихкина, пӀелаштамхошка дӀавала даьхкина».

Шамшона цаьрга элира: «Шаьш со вуьйр вац алий, дуй баа».

13Цара жоп делира: «Оха хьо, дӀавехкар бен, вуьйр вац. Цул тӀаьхьа пӀелаштамхойн кара дӀалур ву». ЦӀеначу шина муьшаца иза дӀа а вихкина, чӀожа чуьра Шамшон араваьккхира цара.

14Иза Лахьина улло кхаьчча, пӀелаштамхой маьхьаршца дуьхьалбевлира цунна. ТӀаккха Шамшонна тӀе Везачу Элан Са доьссира. Цуьнан куьйгаш дӀадихкина долу машшаш даьгна дӀадаьлла долу вета санна хилла дӀахӀиттира. Цуьнан куьйгаш тӀера буржалш охьаийгира. 15Дукха хан йоццуш еллачу виран мочхал карийра цунна. Куьг дӀа а кховдийна, иза схьа а эцна, цуьнца цо цхьа эзар стаг вийра. 16Шамшона элира: «Виран мочхалца царах баьрзнаш а дина,
виран мочхалца аса эзар стаг ма вийра!»

17И дешнаш а аьлла, шен карара мочхал дӀакхоьссира цо. Цу меттиган цӀе Рамат-Лахьи тиллира цо (иза «мочхалан Рамат» бохург ду).

18Иза чӀогӀа хьагвеллера. Цо, Везачу Эле вистхуьлуш, элира: «Хьайн лен карахула Ахьа тхо кӀелхьардехи. Ткъа хӀинца со, хьогалла вала а велла, хӀокху сунтбаза болчеран кара ма вахийтахьара Ахьа». 19Дала боккха кӀаг балийтира Лахьи-меттехь, цу чуьра хи хьаладелира. Шамшона и хи меллачул тӀаьхьа, цуьнан ницкъ юхабеара. Цундела тиллина цу меттиган цӀе Ӏейн-Кхури аьлла (иза «кхойкхучун хьоста» бохург ду). Иза хӀинца а Лахьи-меттехь йолуш ю.

20Шамшон пӀелаштамхойн заманахь ткъа шарахь Исраилан мехкан куьйгалхо хилла лаьттира.

‏ Judges 16

Шамшон Ӏази-гӀала воьду

1Цхьана дийнахь Шамшон Ӏази-гӀала кхечира. Цигахь цунна нахаца лелаш йолу цхьа зуда гира. Шамшон иза йолчу вахара. 2Ӏази-гӀаларчу бахархоша элира: «Кхуза Шамшон веана». Иза ларвеш, буьйса дӀаяллалц Ӏийра уьш гӀалин ков долчохь. «Ӏуьйре тӀекхаьчча, Шамшон вуьйр ву вай», – аьлла, ерриг а буьйса бист ца хуьлуш яьккхира цара. 3Буьйса юккъе яххалц вижина Ӏиллира Шамшон. Цул тӀаьхьа, хьала а гӀаьттина, катоьхна, гӀалин ков шен гураца, боьллинчу гӀуйца цхьаьна схьа а даьккхина, шен белшашна тӀе а диллина, Хьевронана малхбалехьа болчу ломан буьххье хьаладаьккхира цо.

Шамшон а, Делила а

4Дукха хан ялале, цунна цхьа зуда езаелира, Суракх олучу тогӀи чохь Ӏаш йолу. Цуьнан цӀе Делила яра. 5Иза йолчу пӀелаштамхойн куьйгалхой баьхкира дехарца: «Хаа хьажахьара хьо, стенца доьзна ду Шамшонан ницкъ болуш хилар. ТӀаккха тхуна хуур дара, иза, дӀа а вихкина, муха сацо веза. Ахьа тхан дехар кхочушдахь, оха хӀораммо а хьуна цхьа эзар бӀе шекхал дети лур дара».

6Делилас Шамшоне элира: «Дийцахьа соьга, стенца доьзна ду хьан цу тайпана ницкъ болуш хилар? Стенца дӀавихкина сацо веза хьо?»

7Шамшона цуьнга элира: «Нагахь санна со якъоза йолчу керлачу ворхӀ зӀенарца дӀавехкахь, соьгара ницкъ дӀа а баьлла, со массо а нах санна хир ву».

8Эццахь пӀелаштамхойн куьйгалхоша якъоза тӀуьна йолу ворхӀ керла зӀенар еара. ТӀаккха Делилас цаьрца Шамшон дӀавихкира. 9Шен цӀа чохь цхьаболу божарий дӀа а лачкъийна, цо элира: «Шамшон! ПӀелаштамхой бу хьуна тӀебогӀуш!» Цо, тохавелла, зӀенарш хадийра, яьгначу бехчалган теш санна. Цундела пӀелаштамхошна цуьнан ницкъ стенца боьзна бу ца хиира.

10ТӀаккха Делилас Шамшоне элира: «Ахьа со лейина, бакъдерг схьа а ца дуьйцуш. ХӀинца мукъана дийцахьа, хьо стенца дӀавехка веза?»

11Шамшона элира: «Нагахь санна со цкъа а лелоза долчу машшашца дӀавехкахь, соьгахь ницкъ хир бац. Со массо а нах санна хир ву».

12Делилас, керла машшаш схьа а эцна, иза дӀавихкира. Цуьнан цӀа чохь цхьаболу божарий дӀа а лачкъийна, цо цуьнга элира: «Шамшон! ПӀелаштамхой бу хьуна тӀебогӀуш!» И машшаш цо шен куьйгаш тӀера, теш санна, охьадехира.

13Делилас юха а Шамшоне элира: «Со массо а хенахь лейо ахь, суна харцдерг а дуьйцуш. Дийцахьа соьга, муха дӀавехка веза хьо?»

Шамшона цуьнга элира: «КӀади деш йолчу чорха тӀехь сан месех йина йолу ворхӀ чӀаба цу кӀадинах дӀа а юьйцина, ахьа иза хьостамашца гуьйригах дӀатохахь, со, массо а нах санна, гӀийла хир ву». Иштта иза вижинчул тӀаьхьа, цуьнан ворхӀ чӀаба кӀадинах дӀа а юьйцина,
14уьш, цо ма-аллара, гуьйригах дӀа а тоьхна, Делилас цуьнга элира: «ПӀелаштамхой хьуна тӀебогӀуш бу, Шамшон!» Вижинчуьра сама а ваьлла, кӀадица цхьаьна гуьйриг а озийна схьаяьккхира цо.

15Делилас цуьнга элира: «Ахьа, со еза бохуш, къамелаш дахь а, хьан дог соьца дац. Кхузза со лейина ахьа, хьайгахь болу боккха ницкъ мичара бу ца дуьйцуш». 16ХӀора дийнахь чӀогӀа сагатдора цо Шамшонан, цуьнан къайле гучуяккха гӀерташ. Иза валлал чӀогӀа саготта вара. 17ТӀаьххьара а цо Делилига элира: «Сан месех цкъа а урс хьакхаделла дац, хӀунда аьлча со, сайн ненан кийрахь воллушехь, Далла лерина назархо хилла схьавогӀуш ву. Сан корта дӀабашахь, соьгара ницкъ дӀабер бу. ТӀаккха со массо а нах санна хилла дӀахӀуттур ву».

18Делилас, цо шен къайле гучуяьккхинийла хиъна, пӀелаштамхойн куьйгалхошка кхайкха стаг вахийтира. Цо ша бохуьйтуш болчаьрга элира: «ХӀинца цо суна шен мел йолу къайле гучуяьккхина». Шайн карахь дети а долуш, пӀелаштамхойн куьйгалхой Делила йолчу баьхкира. 19Шен голаш тӀехь Делилас Шамшон дӀавижийра. Иза тхьаьвсинчул тӀаьхьа, цо цхьа стаг схьа а кхайкхина, Шамшонан коьртара ворхӀ чӀаба дӀахадаяйтира. Иза, малвелла, ницкъ дӀа а баьлла, дӀахӀоьттира. 20Делилас элира: «ПӀелаштамхой хьуна тӀебогӀуш бу, Шамшон!» Сама а ваьлла, цо элира: «Ваха а вахана, хьалха санна, кӀелхьарвер ву со!» Цунна ца хаьара, Везачу Эло ша витинийла. 21ПӀелаштамхоша, схьа а лаьцна, цуьнан ши бӀаьрг баьккхира. Цул тӀаьхьа Ӏази-гӀала дӀа а вигна, цӀестан шина зӀенаца цунна буржал туьйхира цара. Цунна тутмакхийн цӀа чохь кӀа ахьар тӀедожийра. 22Цу хенахь цуьнан коьртара дӀахедийна йолу месаш тӀейовлуш яра.

Шамшон кхалхар

23ПӀелаштамхойн куьйгалхой вовшахкхеттера сакъера а, шайн дела волчу ДагӀонна доккха сагӀа даккха а. Цара бохура: «Вайн дала Шамшон вайн кара схьавелла». 24ПӀелаштамхой а, шайна Шамшон гича, шайн далла хастамаш бан буьйлабелира: «Вайна юкъара дуккха а нах хӀаллакбеш, вайн мохк бассош хилла волу вайн мостагӀ вайн дала вайн кара схьавелла». 25Шайн сакъераделлачу меттехь цара элира: «Схьакхайкхал Шамшоне вайн самукъадаккхийта». Тутмакхийн цӀа чуьра Шамшон кхайкхина схьавалийра. Церан самукъадоккхуш вара иза. Шамшон цара шина бӀогӀамна юккъехь дӀахӀоттийра. 26Шен куьг а лаьцна лелаш волчу жимачу кӀанте Шамшона элира: «И цӀа тӀехь лаьтташ болчу бӀогӀамашна улло дӀавигахьа со царах куьг Ӏоттийта. Суна цу бӀогӀамашна тӀетовжа лаьа». 27Цу цӀа чохь дуккха а зударий а, божарий а бара. Царна юкъахь схьагулвелла массо а пӀелаштамхойн куьйгалхо а вара. ЦӀийнан тхов тӀехь Шамшоне, бийла а буьйлуш, хьоьжуш лаьтташ кхо эзар хиллал стаг а, зуда а яра.

28Везачу Эле дехар дира Шамшона: «Сан Хьалдолу Эла! Дагаваийтахьа со Хьайна! Цкъа мукъана а ницкъ лохьа суна сайн ши бӀаьрг бахьана долуш пӀелаштамхошна бекхам бан». 29Катоьхна, дерриг а цӀа тӀехь а долуш, юккъехь лаьтташ болу ши бӀогӀам схьа а лаьцна, аьтту а, аьрру а куьйгашца и ши бӀогӀам дӀасатеттира цо. 30Цо элира: «Сан а пӀелаштамхошца са долийла!» Шен ницкъ мел бу дӀасатеттира цо и ши бӀогӀам. Дерриг а цӀа пӀелаштамхойн куьйгалхошний, цу чохь хиллачу адамашний тӀедуьйжира. Ша лечу хенахь Шамшона хӀаллакбина болу пӀелаштамхой цо шен дахарехь хӀаллакбиначарал а алсам бара.

31Цуьнан вежарша а, цӀийнах мел волчу стага а, схьа а баьхкина, иза дӀаваьхьира. ЦорӀаний, Эштаулний юккъехь, шен ден Манахьан къубба чохь, дӀавоьллира Шамшон. Иза ткъа шарахь Исраилан мехкан куьйгалхо хилла вара.
Copyright information for CheCAC2012