Judges 18:27-29
27Данхоша иштта схьадаьккхира Микас шена мел динарг. Цуьнан динан да а шайца дӀавигира цара. Уьш, Лаиш-гӀала дӀа а бахана, цигахь маьрша бехаш Ӏаш болчу нахана тӀелетира. Адам шайн таррашца цистира цара, ткъа гӀала цӀарца ягийра. 28Царна орцахвала стаг вацара, хӀунда аьлча ЦӀадан-гӀала царна генахь яра, кхиболчаьрца цара юкъаметтиг а ца лелайора. Лаиш-гӀала Байт-Рахьубана уллохь йолчу тогӀи чохь лаьтташ яра. Йохийна гӀала лаьттинчу меттехь данхоша керла гӀала а йиллина, уьш цигахь баха хевшира. 29Цара цунна, Дан-гӀала аьлла, керла цӀе а тиллира. И цӀе шайн дайх хилла волчу Исраилан кӀентан Данан цӀе бахьана долуш тиллина хилла цара. Ткъа цу гӀалин хьалхалера цӀе Лаиш хилла.
Copyright information for
CheCAC2012