Judges 19:22-24
22 aЛевихо а, цуьнца берш а шайна яа хӀума а юуш, садоӀуш болчу хенахь, цу гӀалара болчу телхинчу наха воккхачу стеган цӀенна го а бина, неӀ а етташ, мохь а бетташ, бохура: «Хьо волчу веана волу стаг араваккха, тхуна цунах зуда ян лаьа». 23ХӀусамдас, ара а ваьлла, цаьрга элира: «Сан вежарий, ма дахьара аша и зулам! И стаг сан хьаша ву. Ма дахьара аша цу тайпана долу сонта хӀума. 24Хьажал, сан йоӀ а ю шуна, цу стеган гӀарбаш-зуда а ю шуна. Аса и шиъ арайоккхур ю шуна, цаьрца шайна луъург де. Амма цу стагаца ма леладахьара аша и сонта хӀума».
Copyright information for
CheCAC2012