aАрадаккхар 34:12, 13; Карлабаьккхинарг 7:2-5.
Judges 2:1-3
Везачу Элан Малик Бухимехь
1Галгалара Бухиме а деана, Везачу Элан Малико элира: «Мисар-махкара ара а даьхна, Айса шун дайшна ваӀда динчу лаьтта тӀе схьадалийна Аса шу. Цу хенахь Аса элира: „Айса шуьца бина болу барт Аса цкъа а бохор бац. 2 aТкъа шун а, кху лаьтта тӀехь Ӏаш болчу нахаца барт а хилла, Ӏан йиш яц. Аша церан сагӀа доккхуш йолу меттигаш хӀаллакьян еза“. Амма аша Сан дешнашка ла ца дуьйгӀира. ХӀунда дина аша иза? 3Ткъа хӀинца Аса шуьга боху: „Аса и нах шун лаьтта тӀера дӀалохкур бац. Уьш шуна мостагӀий хилла дӀахӀуьттур бу, ткъа церан харцделанаш шуна гур хилла дӀахӀуьттур бу“».
Copyright information for
CheCAC2012