‏ Judges 2:14-18

14Веза Эла Исраилан халкъана чӀогӀа оьгӀазвахана вара. Цундела Цо уьш талорхойн кара дӀабелира, церан мостагӀашка уьш эша а байтира. Цундела Исраилан халкъ мостагӀашна дуьхьал ца латтаделира. 15Исраилан халкъо миччахь тӀом бича а, иза эшна хуьлура, хӀунда аьлча, Ша ма-аллара, Веза Эла царна дуьхьал вара. Цундела Исраилан халкъ чӀогӀа балехь дара.

16Везачу Эло царна мехкан куьйгалхой хоржура. Цара уьш талораш деш лелаш болчарах ларбора. 17Амма халкъо цаьрга а ла ца дугӀура. Кхечу деланашна тӀе а дирзина, царна корта а бетташ, лелара Исраилан халкъ. Шайн дайша Везачу Эло бохург а деш, цара дӀакхехьначу некъа тӀера сихха дӀадаьллера адам. 18Юх-юха а Везачу Эло царна мехкан куьйгалхо воуьйтура. Иза Ша вара цу куьйгалхошца, цаьргахула халкъ кӀелхьара а доккхура Везачу Эло. Царна ницкъ беш, церан узарш хазарна, къинхетам бора Везачу Эло царах.
Copyright information for CheCAC2012