‏ Judges 6:11-40

ГадӀан куьйгалхо дӀахӀоттар

11Везачу Элан Малик деара ГадӀан цӀе йолу цхьа стаг волчу. Малик, схьа а деана, Ӏапру йолчохь лаьтташ долчу ножан дитта кӀелахь охьахиира. И дитт, Абу-Ӏезаран тайпанах а волуш, Юаш цӀе йолчу цхьана стеган дара. Юаш ГадӀанан да вара. Цу хенахь ГадӀан кемсийн мутт схьадоккхуш йолчу меттехь кӀа цӀандеш вара, иза маданхойх къайладаккхархьама. 12ГадӀанна хьалха дӀа а хӀоьттина, Везачу Элан Малико цуьнга элира: «Веза Эла ву хьоьца, майра къонах!»

13ГадӀана жоп делира: «Сан эла! Веза Эла вайца велахь, вайна оццул зенаш хӀунда хилла? Вайн дайша схьадийцина долчу массо а инзаречу гӀуллакхашна хӀун хилла теша? Цара ца дуьйцура те, Везачу Эло шаьш Мисар-махкара арадаьхна бохуш?! Амма вай хӀинца Везачу Эло дӀа ма тесна. Цо вай маданхойн кара дӀаделла».

14ТӀаккха Везачу Эло, цуьнга дӀа а вирзина, элира: «Оцу ницкъаца ваха а гӀой, Исраилан халкъ маданхойх кӀелхьардаккха. Аса вохуьйту хьо цига!»

15ГадӀана жоп делира: «Хьалдолу Эла, муха доккхур дара те аса Исраилан халкъ кӀелхьара? Маннашан тайпанна юкъахь сан доьзал уггар гӀийла бу, ткъа со царна юкъахь уггар а жимах верг ву».

16Везачу Эло цуьнга элира: «Со хир ву хьоьца. Цхьа стаг бен воцуш санна, эшор бу ахьа маданхой».

17ТӀаккха ГадӀана Везачу Эле элира: «Хьо суна реза велахь, сан Веза Эла, суна билгало гайтахьа, соьга Вистхилларг Хьо вуйла хоуьйтуш. 18ДӀа ма гӀохьа, со схьаваллалц. Хьайна совгӀат схьа а деана, иза Хьайна хьалха охьадилла пурба лохьа суна».

Цо жоп делира: «Хьо схьаваллалц, собардийр ду Ас».

19ГадӀана, дӀа а вахана, буьхьиг кхехкийра. Цхьа мазал дама а хьакхийна, совсозачу бедах хьокхамаш а дира цо. Жижиг тускар чу а диллина, цунах схьаяьлла чорпа кхаби чу а йоьттина, уьш Делан малик долчу ножан дитта кӀел схьаеара цо. 20Делан малико ГадӀане элира: «Жижиг а, хьокхамаш а хӀокху тӀулга тӀе охьадахка, ткъа чорпа цу тӀе охьайотта». ГадӀана шега аьлларг кхочушдира. 21Маликан карахь Ӏаса яра. Цо цу Ӏасанан юьхьиг жижигах а, хьокхамех а дӀаӀоьттича, тӀулгах цӀе а яьлла, цу цӀаро жижиг а, хьокхамаш а дӀахьулдира. Ткъа Делан малик къайладелира.

22Иза Везачу Элан малик дуйла шена хиъча, ГадӀана, кхеравелла, элира: «Ва Сан Хьалдолу Эла! Суна юьхь-дуьхьал гинарг Хьан Малик ма дара!»

23Амма Везачу Эло ГадӀане элира: «Марша Ӏойла! Ма кхера! Хьо лийр вац!» 24ГадӀана цига, Везачу Элана сагӀа доккхуш йолчу метте, тӀулгаш дехкира, цунна, «Везачу Элан Машар» аьлла, цӀе а туьллуш. И тӀулгаш хӀинца а Абу-Ӏезаран доьзал бехачу Ӏапру цӀе йолчу юьртахь лаьтташ ду.

ГадӀана БаӀална сагӀа доккхуш йолу меттиг йохайо

25Цу буссехь Везачу Эло ГадӀане элира: «Хьайн ден бежанашна юкъара шолгӀа сту (ворхӀ шо кхаьчна берг) схьа а эций, хьайн дас кечйина йолу БаӀална сагӀа доккху меттиг йохае. Иштта цунна уллохь лаьтташ болу Ашера-далла лерина болу дечиган бӀогӀам, хадабай, схьабаккха. 26Цул тӀаьхьа лакхенгахь хьайн Везачу Далла лерина сагӀа доккху меттиг кечъе. ШолгӀа болу сту бен а бей, иза цу кечйинчу меттигехь, Ашерин диттах даьккхина долчу дечигах цӀе а латаяй, багабе». 27ГадӀана, шен ялхойх итт схьа а валийна, Везачу Эло шега аьлларг кхочушдира. Амма шен цӀерачарна а, гӀалин бахархошна а ша и хӀума дийна делккъехь деш воллуш гарна кхоьруш волчу ГадӀана иза буьйсанна дира.

28Ӏуьйранна самабевллачу гӀалин бахархошна гира йохийна йолу БаӀална лерина сагӀа доккху меттиг а, цунна уллохь схьахадийна болу Ашерин бӀогӀам а. Царна иштта гира ГадӀана кечйина йолу сагӀа доккху меттиг а, цу тӀехь сагӀина багийна болу сту а. 29Цара вовшашка хоьттура: «Хьан дина иза?» Леррина талла а теллина, цхьаммо цаьрга элира: «Юашан кӀант волчу ГадӀана дина». 30Цу гӀаларчу бахархоша Юаше элира: «Араваккха хьайн кӀант. БаӀална сагӀа доккху меттиг а, цунна уллохь лаьтташ болу бӀогӀам а цо бохийна дела, иза вала везаш ву».

31Шена дуьхьалбевллачаьрга Юаша элира: «Шу БаӀална тӀехӀотта гӀерташ ду, иза кӀелхьарваккха гӀерташ ду шу? Ӏуьйре тӀекхачале цунна тӀехӀоьттинарг вала везаш ву. БаӀал дела велахь, иза ша къовсавала веза, хӀунда аьлча йохийна йолу сагӀа доккху меттиг цуьнан ма яра». 32Юаша элира: «ГадӀана и сагӀа доккху меттиг йохийна хилча, БаӀал ша къовсавала веза цуьнца». Цу хенахь дуьйна ГадӀанан цӀе Яруб-БаӀал аьлла йоккхура (иза «БаӀал къовсавалийта» бохург ду).

ГадӀана халкъ тӀамана гулдо

33Маданхой а, Ӏамалекхахой а, кхидолу малхбалехьа дехаш долу къаьмнаш а вовшахкхийтира. Йордан-хил дехьа а бевлла, ИзреӀалан аренгахь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара. 34ГадӀанна тӀе Везачу Элан Са доьссира. ГадӀана, коьман маӀа а лекхна, ша волчу Абу-Ӏезаран тайпанах долу халкъ схьагулдира. 35Цо Маннашан махкахула геланчаш бахийтира, массо а нах ша волчу схьагулбе аьлла. ТӀаккха хаамчаш бахийтира Ашаран а, Забулан а, Напталан а мехкашкахула а. Цигара нах а ГадӀан волчу баьхкира.

36ГадӀана Деле элира: «Ахьа соьга Исраилан къам кӀелхьардаккха гӀо дийр ду аьллера. 37Аса хьаьттахь уьстагӀийн тӀаргӀа дӀабаржор бу. Нагахь санна цу тӀергӀана тӀехь диллина тхи хилахь, ткъа гонахьа долчу лаьтта тӀехь екъа хилахь, суна хуур ду, Ахьа ма-аллара, со бахьана а долуш Исраилан къам кӀелхьардер дуйла». 38Иза иштта хилира. ШолгӀачу дийнахь Ӏуьйранна хьалххехь хьалагӀаьттина волчу ГадӀана, и тӀаргӀа Ӏовда а Ӏаьвдина, цунах цхьа кад буьззина хи даьккхира. 39ГадӀана Деле элира: «Суна оьгӀаз ма гӀахьара Хьо, аса кхин а цхьа дехар кхочушдар Хьайга дехча. Суна кхин цкъа а уьстагӀан тӀергӀаца билгало хуьлийла луур дара. ТӀаргӀа бекъа а болуш, массо а меттехь тхи хилийтахьара Ахьа». 40Дала цу буса, ГадӀана ма-аллара, хилийтира: тӀаргӀа бекъа а болуш, дерриг а лаьтта тӀе тхи диллира Цо.

‏ Judges 7

ГадӀана маданхой эшабо

1Ӏуьйранна сатоссуш Яруб-БаӀала (ГадӀана) шеца болчу нахаца цхьаьна Хьарод цӀе йолчу хьостана уллохь шайн меттамотт дӀахӀоттийра. Ткъа маданхойн меттамотт царна къилбаседехьа йолчу тогӀи чохь лаьтташ бара, МорахӀ олучу лома уллохь. 2Везачу Эло ГадӀане элира: «Хьоьца цхьаьна тӀех дукха халкъ хилар бахьана долуш, маданхой шун кара дӀабала ца лаьа Суна. Суна ца лаьа исраилхоша, дозалла а деш: „Тхо тхаьш кӀелхьардевлла“– бохийла а. 3 aХьайца схьабаьхкинчаьрга дӀаала: „Кхеравелла вегош мел верг ГалӀадарчу лам тӀера шайн цӀа юхаверза мегар ду“». Ткъе ши эзар стаг ГадӀан волчуьра цӀа вахара, итт эзар стаг бухависира.

4Цул тӀаьхьа Везачу Эло ГадӀане элира: «ХӀинца а тӀех дукха адам ду кхузахь. Уьш хи долчу дӀабига. Цигахь Аса уьш зуьйр бу хьуна. Нагахь санна Аса: „Хьоьца ваха мегар ду“– алахь, иза гӀур ву. Ткъа Аса: „Иза хьоьца гӀур вац“– алахь, цуьнан хьоьца ваха йиш яц». 5ГадӀана шеца болу нах хи йисте охьабигира. Везачу Эло ГадӀане элира: «ЖӀаьло санна, маттаца хи молуш берш цхьана агӀор дӀахӀиттабе, ткъа хи молучу хенахь, голаш тӀе охьа а таьӀна, хи молуш верг вукху агӀор хӀоттаве». 6Куьйгашца хи шайн юьхь тӀе а кхоьхьуш, мотт ара а баьккхина, хи молуш верг кхо бӀе стаг вара. Ткъа вукхара хи, голаш тӀе охьа а таьӀна, молура. 7Везачу Эло ГадӀане элира: «Мотт ара а баьккхина, хи мелла волчу кхаа бӀе стагехула шу кӀелхьара а даьхна, маданхой шун кара дӀалур бу Ас. Вуьш шайн-шайн цӀа бахийта». 8ГадӀана уьш цӀа а бахийтина, цаьргахь йолу яа хӀума а, коьман маӀаш а схьаийцира. Бухависнарг верриг а кхо бӀе стаг вара. Ткъа маданхойн меттамотт лахахь тогӀи чохь лаьтташ бара.

9Цу буьйсанна Везачу Эло ГадӀане элира: «Хьала а гӀаттий, маданхойн меттаматтана дуьхьал гӀо. Аса уьш хьан кара дӀало. 10Нагахь санна царна дуьхьалвала хьо кхерахь, хьайн ялхо волчу Пураца царна тӀе гӀо. 11Маданхойн меттаматтана юххе а гӀой, цара хӀун боху ладогӀа. ТӀаккха хьо кхоьрур вац царна тӀелата». ГадӀан а, цуьнан ялхо волу Пура а аренга охьавоьссира, маданхойн меттаматтан йистте. 12Маданхой а, Ӏамалекхахой а, кхиболу малхбалерчу мехкашкара бахархой а аренгахь Ӏаш бара. Уьш, цӀоз санна, дукха бара. Церан эмкалш а, хӀордан йистехь йолу гӀум санна, ягарлур йоцуш дукха яра.

13МостагӀийн меттаматтана улло веанчу ГадӀанна хезира, цхьана тӀемалочо вукху тӀемалочуьнга шена гина долу гӀан дуьйцуш. Цо дуьйцура: «Суна гӀенахь гира маданхойн меттаматтехула, хахкаделла, дӀадоьдуш долу горга бепиг. И бепиг, хахкаделла, четарна чӀогӀа тӀекхийтира. ТӀаккха и четар, каг а делла, охьадуьйжира».

14Вукхо элира: «Хьан гӀан иштта бен кхечу тайпана тида йиш йолуш дац. Иза исраилхо волчу Юашан кӀентан ГадӀанан тур ду. Дала маданхой а, церан берриг а меттамотт а цуьнан кара дӀабелла».

15И гӀан а, цуьнан тидар а хезна волу ГадӀан Везачу Элана хьалха суждане вахара. Исраилхойн меттаматте юха а веана, цо элира: «ХьалагӀовтта! Везачу Эло маданхойн меттамотт вайн кара схьало». 16Цо кхо бӀе стаг кхаа декъе вийкъира. ХӀора тӀемалочунна кара коьман маӀий, яьсса кхабий елира цо. ХӀора кхаби чохь богуш къуьда бара. 17ГадӀана цаьрга элира: «Соьга а хьожуш, аса деш дерг де. Вай мостагӀийн меттаматте кхаьчча, аса деш дерг де. 18Меттаматтана го а бай, сой, соьца бершший коьман маӀа лакха буьйлабелча, аша а маӀаш лекха йолае, мохь а бетташ: „Везачу Элан а, ГадӀанан а дуьхьа!“– бохуш».

19ГадӀан а, цуьнца волу бӀе стаг а, мостагӀийн меттамотт болчу охьа а воьссина, цунна улло вахара, буьйса юккъеяхча ха деш болу тӀемалой хийцабеллачул тӀаьхьа. Цара, коьман маӀаш а лекхна, шайн кхабанаш кегйира. 20Кхаа тобанехь болчара, коьман маӀаш а лоькхуш, шайн кхабанаш кегйира. Церан аьрру куьйга лаьцна къуьданаш дара, ткъа аьтту куьйгахь маӀаш яра. МаӀаш а лоькхуш, цара мохь беттара: «Везачу Элан а, ГадӀанан а дуьхьа тур тоха!» – бохуш. 21ГадӀанан тӀемалой шаьш болччохь лаьтташ бара, ткъа меттаматтара дерриг а эскар, маьхьарий а хьоькхуш, дӀауьдуш дара. 22ГадӀанаца хиллачу кхаа бӀе стага коьман маӀаш лекхча, Везачу Эло меттаматтара нах вовшашна дуьхьалбехира. Уьш, вовшашна тарраш а диттина, бевдда Царира-гӀалина уллохь йолчу Байт-ШатӀа дӀабахара. Уьш иштта ТӀабата уллохь йолчу Абал-Махьулан йисте кхечира.

23Напталан а, Ашаран а, Маннашан а тайпанах болу тӀемалой маданхошна тӀаьхьабовла бахийтинера. 24ГадӀана Эпрайман лаьмнашна уллохь йолчу меттигашка шен геланчаш бахийтинера дӀаала: «Маданхошна дуьхьал ара а довлий, царах лата, Байт-Барина тӀекхаччалц Йордан-хил дехьаволийла а ларъе», – аьлла. Массо а эпраймхоша Байт-Барига тӀекхаччалц Йордан-хил дехьаволийлаш схьалецира. 25Маданхойн Ӏораббий, Зиаббий цӀе йолу ши баьчча а схьалецира цара. Ӏораб Ӏорабан тарх йолчохь вийра, ткъа Зиаб Зиабан кемсийн мутт доккхучу меттехь вийра. Церан кортош, схьа а даьхна, ГадӀан волчу Йордан-хил дехьа схьадеара.

‏ Judges 8:1-32

Маданхой эшабар

1Эпраймхоша ГадӀан чӀогӀа бехке веш вара. Цара цуьнга бохура: «ХӀунда дина ахьа иза? Стенна ца хаийтира ахьа тхоьга, хьо маданхошца тӀом бан воьдуш?»

2ГадӀана царна жоп делира: «Ас лелийнарг аша лелийначуьнца муха дустур ду? Абу-Ӏезаран тӀаьхьено хьалха диначул а, эпраймхоша тӀаьхьо кхочушдинарг деза ма ду! 3 bШун кара дӀабелла Дала маданхойн баьччанаш Ӏораб а, Зиаб а. Цундела шун кхиам боккхо бу. Аша динчуьнга хьаьжча, хӀун далур дара соьга?» ГадӀана бохург шайна хезча, эпраймхой, хьалха санна, оьгӀазлонаш еш бацара.

4Йордан-хи долчу а веана, ГадӀан а, цуьнца волу кхо бӀе стаг а хил дехьа велира. Шаьш чӀогӀа кӀадбеллехь а, уьш мостагӀашна тӀаьхьабевллачуьра ца севцира. 5Сакхатарчу бахархошка ГадӀана элира: «Соьца схьабаьхкинчу нахана яа хӀума ло. Маданхойн паччахьашна Зебахьний, ЦалманаӀаний тӀаьхьабевлла лелачу хенахь уьш чӀогӀа кӀадбелла».

6Амма Сакхат-гӀалин куьйгалхоша ГадӀане элира: «Зебаххьий, ЦалманаӀӀий хьан карахь ву ткъа? Стенна яла еза оха хьан эскарна яа хӀума?»

7ТӀаккха ГадӀана элира: «Делахь, Зебаххьий, ЦалманаӀӀий сайна Везачу Эло каравеллачул тӀаьхьа, со кхуза юхавогӀур ву. Аша хӀинца динарг бахьана долуш аса, со цигара юхавирзича, шун догӀмаш яьссачу аренан коканашца а, кӀохцалшца а этӀор ду». 8Цигара ваьлла Пенуал-гӀала веара ГадӀан. Цигахь а гӀалин бахархошка Сакхатехь аьлларг элира цо. Амма цара а Сакхатехь болчу бахархоша аьлларг элира цуьнга. 9ГадӀана цаьрга элира: «Со толамца юхавирзича, аса хӀара бӀов йохор ю».

10Зебаххьий, ЦалманаӀӀий шайн эскарца Кхаркхур-гӀалахь вара. Цаьрца пхийтта эзар стаг вара. Уьш малхбалехьарчу мехкашкара тӀемалойх бухабисинчарах бара. БӀе ткъа эзар стаг, тур лелош болу тӀемалой, цу эскарна юкъара хӀаллакьхиллера. 11Нобахьа-гӀалиний, ЙогӀбахӀаний малхбалехьа болчу новкъахула дӀавахара ГадӀан. Кхаркхур-метте схьа а веана, иза шен мостагӀашна дагахь а доццучу хенахь царна тӀелетира. 12Зебахь а, ЦалманаӀ а ведда дӀавахара. Царна тӀаьхьаваьллачу ГадӀана схьалецира маданхойн ши паччахь. Иштта дерриг а маданхойн эскар Ӏадийнера ГадӀана.

13Юашан кӀант ГадӀан тӀамера юхавирзира. Хьерас цӀе йолчу ломан дукъана тӀехула цӀа вогӀуш вара иза. 14Сакхат-гӀалара бахархошна юкъара цхьа жима стаг схьа а лаьцна, цуьнга хеттарш дан волавелира иза. Цо кхузткъе вуьрхӀитта шайн элийн а, къанойн а цӀераш дӀаязйира ГадӀанна. 15Сакхат-гӀала схьа а веана, ГадӀана цигарчу бахархошка элира: «Зебаххьий, ЦалманаӀӀий хӀорш бу. Ткъа аша, сан эскар кӀадделла, хӀоьттина ду, цунна яа хӀума лахьара аьлла, аса дехар дича, сох дийла а дуьйлуш, элира: „Зебаххьий, ЦалманаӀӀий хьан карахь ву ткъа? Стенна яла еза оха хьан эскарна яа хӀума?“» 16Сакхатара къаной схьа а гулбина, царна коканийн а, кӀохцалийн а коьллаш йиттира цо. И хӀума а дина, цо Сакхатарчу нахана, уьш Ӏамош, масала делира. 17ГадӀана Пенуал-гӀалара бӀов а йохийра, цигара нах а байира.

18Цо Зебахье а, ЦалманаӀе а хаьттира: «Табурехь аша байина болу нах муха бара?»

Цу шиммо жоп делира: «Уьш хьох тера бара. ХӀора стаг а паччахьан кӀентах тера вара».

19ГадӀана цаьрга элира: «Уьш сан вежарий бара, сан ненан кӀентий. Дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йо ас: аша уьш дийна битина хиллехь, аса хӀинца шуьшиъ вуьйр вацара». 20Шен воккхах волчу кӀанте ИтӀаре дӀа а хьаьжна, цо элира: «Вей, дӀаваккха и шиъ». Амма ИтӀара шен тур баттара схьа ца даьккхира, хӀунда аьлча иза, ша жима хиларх терра, кхоьруш вара. 21ТӀаккха Зебахьа а, ЦалманаӀа а ГадӀане элира: «Схьа а волий, айхьа ве тхойшиъ. Хьоьгахь цу гӀуллакхна тоъал ницкъ буй те?» Хьала а гӀаьттина, ГадӀана, и шиъ вен а вийна, церан эмкалийн кочара мӀерий схьадехира.

ГадӀана ийпад йо

22Исраилан халкъо ГадӀане элира: «Тхо маданхойн баланах кӀелхьардаьхна ахьа. Тхуна тӀехь олалла де ахьа а, хьан кӀанта а, хьан кӀентан кӀанта а».

23Амма ГадӀана исраилхошка элира: «Аса а дийр дац шуна тӀехь олалла, я сан кӀанта а дийр дац. Везачу Эло дойла шуна тӀехь олалла». 24ГадӀана цаьрга элира: «Сан цхьа дехар ду шуьга. ХӀораммо а ша схьаэцначух лергара цхьацца чӀуг ло суна». (Цо эшийначаьргахь дукха дашо чӀагарш яра, уьш исмаьӀалхой хиларе терра.)

25Цара элира: «Хаза а хеташ дӀалур ю». Бедар лаьтта охьа а тесна, цу тӀе шайн караеанчу хӀонсах цхьацца чӀуг кхоьссира цара. 26Цара и чӀагарш схьагулйича, уьш цхьа эзар ворхӀ бӀе шекхалан барамехь яра
Цхьа эзар ворхӀ бӀе шекхалан барам – иза 19.5 кийланан барам бу.
. Цунна совгӀатана кхин а дашо мӀерий а, коча уллургаш а, маданхойн паччахьаша юхуш йолу таьӀна цӀен бедарш а, эмкалийн коча ухкуш йолу дашо зӀенаш а елира.
27Цу деших ГадӀана, ийпад а йина, иза шен Ӏапру цӀе йолчу юьртахь охьайиллира. Массо а исраилхо цу ийпадна корта тоха оьхуш вара. И ийпад ГадӀанна а, цуьнан дерриг а цӀенна а гур хилла дӀахӀоьттинера.

28Маданхой исраилхошна муьтӀахь хилла дӀахӀиттинера, цара шайн кортош охьатаӀийначуьра хьала ца ойура. ГадӀан дийна мел ву, шовзткъа шарахь машар лаьттира цу махкахь.

ГадӀанан кхалхар

29Юашан кӀант Яруб-БаӀал (ГадӀан), цӀа а вахана, цигахь Ӏаш вара. 30ГадӀанан кхузткъе итт кӀант вара. Уьш оццул дукха бара, цуьнан дуккха а зударий хилла дела. 31Цуьнан кхин а гӀарбаш-зуда а яра. Иза Шехемехь ехаш яра. Цо цунна кӀант вира, цуьнан цӀе Абу-Малик а тиллира. 32Юашан кӀант ГадӀан къеналле ваханчу хенахь велира. Иза дӀавоьллира шен ден Юашан къубба чохь, абу-Ӏезархойн Ӏапру-юьртахь.
Copyright information for CheCAC2012