‏ Leviticus 13

Чкъуран цамгар йолчу нахах лаьцна тӀедиллинарг

1Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира: 2«Нагахь цхьаннан дегӀа тӀехь кхераме чкъуран цамгар хила йиш йолу дестар я хьаьтт, я томмагӀа хилахь, иза динан дена АхӀаронна я динан да волчу цуьнан кӀентех цхьанна тӀе вало веза. 3Динан да дегӀа тӀехь долчу доӀе хьожур ву. ДоӀа тӀехь долу чоьш кӀай а делла, даӀ чкъурал кӀоргга чудаханехь, иза кхераме чкъуран цамгар ю. Цу стаге хьаьжначул тӀаьхьа динан дас иза Далла хьалха боьха хилар дӀахоуьйтур ду. 4Нагахь дегӀа тӀера томмагӀа кӀайн делахь, амма чкъурал чудахана а дацахь, ткъа цунна тӀера чоьш кӀайделла а дацахь, иштта стаг динан дас ворхӀ денна нахах дӀакъасто веза. 5ВорхӀалгӀачу дийнахь динан да цуьнга хьожур ву. ДаӀ, дегӀа тӀехула дӀаса а ца даьржаш, ша ма-дарра лаьтташ делахь, динан дас кхин а ворхӀ денна нахах дӀакъастор ву даӀ долу стаг. 6ВорхӀалгӀачу дийнахь динан да цуьнга юха а хьожур ву. Нагахь даӀ, жимма бен хаалуш а доцуш, дегӀа тӀехула дӀаса ца даьржинехь, динан дас и стаг Далла хьалха цӀена хилар дӀахоуьйтур ду. ДегӀа тӀехь ерг хьаьтт ю, цу стага шен бедарш йитта еза, тӀаккха иза цӀена хир ву. 7Нагахь стаг динан дена тӀе ша Далла хьалха цӀена хилар дӀахаийта веанчул тӀаьхьа, хьаьтт дегӀа тӀехула дӀасаяьржинехь, цомгушниг юха а динан дена тӀеван веза. 8Хьаьтт дегӀа тӀехула дӀасаяьржаш юйла а гина, динан дас и стаг Далла хьалха цӀена цахилар дӀахоуьйтур ду. Иза кхераме чкъуран цамгар ю.

9Нагахь цхьаннан дегӀа тӀехь кхераме чкъуран цамгар елахь, иза динан дена тӀевало веза. 10Динан дас иза толлур ву. Нагахь дегӀа тӀера йистина меттиг кӀайн елахь, ткъа дестаро чоьш кӀайдинехь, ткъа дестар долчохь гуш жижиг а делахь, 11иза дӀа ца йоьрзу чкъуран цамгар ю. Динан дас, и стаг Далла хьалха цӀена цахилар дӀа а кхайкхийна, цомгушниг нахах дӀакъасто ца веза, хӀунда аьлча иза, массарна а гуш, цӀена вац. 12Нагахь чкъуран цамгар коьрта тӀера когашка кхаччалц цомгушчун дегӀа тӀехула дӀасаяржахь, динан ден бӀаьргаша схьалоццучул, 13динан дас иза леррина толлур ву. Стеган дегӀ дерриг а цамгаро дӀалаьцна хилар динан дена хиъча, цо цомгушниг Далла хьалха цӀена ву эр ду. ХӀунда аьлча цомгушчун дегӀ кӀайн ду – иза цӀена ву. 14Ткъа цуьнан дегӀа тӀехь жижиг гучудалахь, иза цӀена хир вац. 15Талла а теллина, жижиг гича, динан дас и стаг Далла хьалха цӀена цахилар дӀакхайкхор ду. Гуш долу жижиг цӀена дац. Иза кхераме чкъуран цамгар ю. 16Нагахь гуш долу жижиг, хийца а делла, кӀайлахь, цомгушниг динан да волчу ван веза. 17Динан дас, дегӀе а хьаьжна, даӀ кӀайделла хилахь, и стаг Далла хьалха цӀена хилар дӀакхайкхор ду.

18Нагахь цхьаннан дегӀа тӀехь сурх а яьлла, иза дӀайирзинехь, 19ткъа иза хиллачохь кӀайчу басахь дестар я цӀегӀо-кӀайн томмагӀа делахь, иза динан дена тӀеван веза. 20ДаӀ долчу метте а хьаьжна, иза чкъурана чудахна а делахь, цунна тӀера чоьш кӀай а деллехь, динан дас и стаг Далла хьалха цӀена цахилар дӀакхайкхор ду. Иза кхераме чкъуран цамгаран даӀ ду, сурх яьллачу меттехь даьлла долу. 21Нагахь доӀа тӀера чоьш кӀайделла а дацахь, иза, чкъурана чудахна а доцуш, жимма бен гуш дацахь, динан дас цомгушниг ворхӀ денна нахах дӀакъастор ву. 22Нагахь даьӀнаш дегӀа тӀехула чӀогӀа дӀасадаржахь, динан дас цомгушниг Далла хьалха цӀена цахилар дӀакхайкхор ду. Иза кхераме цамгар ю. 23Нагахь томмагӀа, дӀаса а ца даьржаш, цхьана меттехь дисахь, иза дегӀа тӀе яьлла хӀума юзуш хилар ду. Динан дас и стаг Далла хьалха цӀена хилар дӀакхайкхор ду.

24Нагахь цхьаннан чкъура тӀехь вагийна меттиг хилахь, юха, иза дӀайирзича, цигахь долчу жижиг тӀехь цӀегӀо-кӀайн томмагӀа а хилахь, 25цу томмагӀана тӀера чоьш кӀай а деллехь, ткъа иза ша чкъурана чудахна а делахь, иза кхераме чкъуран цамгар ю, ягийначу меттигна тӀехь хилла. Динан дас Далла хьалха и стаг цӀена цахилар дӀакхайкхор ду. Цунна ерг кхераме чкъуран цамгар ю. 26Нагахь томмагӀана тӀера чоьш кӀайделла а дацахь, иза, чкъурана чудахна а доцуш, жимма бен гуш а дацахь, динан дас цомгушниг ворхӀ денна нахах дӀакъастор ву. 27ВорхӀалгӀачу дийнахь динан да хьожур ву цу стаге. Нагахь даьӀнаш дегӀа тӀехула дӀасадаьржаш делахь, динан дас цомгушниг Далла хьалха цӀена цахилар дӀакхайкхор ду. Цунна ерг кхераме чкъуран цамгар ю. 28Нагахь томмагӀа, дегӀа тӀехула дӀаса а ца даьржаш, цхьана меттехь делахь, жимма бен гуш а доцуш, иза ягийначу меттехь долу дестар ду. Динан дас и стаг Далла хьалха цӀена хилар дӀакхайкхор ду, хӀунда аьлча цунна дерг вагийча дисина дестар ду.

29Нагахь стеган я зудчун коьрта тӀехь я чӀенгана тӀехь даӀ хилахь, 30динан да цамгаре хьожур ву. ДаӀ чкъурана чудахна а долуш, цу тӀера чоьш мажделла а, дуткъий а делахь, динан дас и адамаш Далла хьалха цӀена цахилар дӀакхайкхор ду. Иза чераш долу кхераме чкъуран цамгар ю, коьрта тӀехь я чӀенгана тӀехь йолу. 31Цу цамгаран доӀе а хьаьжна, иза чкъурана чудахна а дацахь, цунна тӀера чоьш Ӏаьржа а дацахь, динан дас чераш долу цамгар ерг ворхӀ денна нахах дӀакъастор ву. 32ВорхӀалгӀачу дийнахь доӀе а хьаьжна, нагахь чераш дӀаса а ца даьржинехь, доӀа тӀехь мажделла чоьш а дацахь, ткъа даӀ чкъурана чудахна а дацахь, 33цомгушчун месаш дӀаларга еза. Амма даӀ долу меттиг Ӏадйита еза. Динан дас шолгӀа а дӀакъасто веза цомгушниг ворхӀ денна. 34ВорхӀалгӀачу дийнахь динан да стаге хьожур ву. Нагахь даӀ дегӀа тӀехула дӀаса а ца даьржинехь, чкъурана чу а ца даханехь, динан дас цомгушниг Далла хьалха цӀена хилар дӀакхайкхор ду. Шен бедарш йиттича, и стаг цӀена хир ву. 35Нагахь стагана, ша Далла хьалха цӀена хилар дӀакхайкхийначул тӀаьхьа, чераш дегӀа тӀехула дӀасадаржахь, 36динан дас иза толлур ву. Нагахь санна даӀ чкъурана чу даханехь, доӀа тӀехь мажделла чоьш леха ца оьшу. Цомгушниг цӀена вац. 37Нагахь даӀ ша ма-дарра а долуш, цу тӀехь Ӏаьржа чоьш гучудевллехь, цамгар дӀаяьлла, стаг цӀена ву. Динан дас иза Далла хьалха цӀена хилар дӀакхайкхор ду.

38Нагахь стеган я зудчун дегӀа тӀехь кӀайн томмагӀаш хилахь, 39динан дена церан догӀмаш тӀехь кӀайн-мокха томмагӀаш гахь, иза дегӀа тӀе яьлла хьаьтт ю. Иштта долу адам Далла хьалха цӀена ду.

40Нагахь цхьаннан коьрта тӀера месаш дӀаевллехь, иза чераш долуш ву. И стаг Далла хьалха цӀена ву. 41Нагахь стеган коьрта тӀера хьалхара агӀор месаш дӀаевллехь, и стаг кӀунзал болуш ву. И стаг Далла хьалха цӀена ву 42Нагахь чераш я кӀунзал болчу коьрта тӀехь цӀегӀо-кӀайн томмагӀа хилахь, коьрта тӀехь ерг кхераме чкъуран цамгар ю 43Динан да цомгушчуьнга хьожур ву. Нагахь цунна чераш я кӀунзал болчу коьрта тӀера цӀегӀо-кӀайчу даӀан дестар дегӀа тӀехь хуьлучу чкъуран кхерамечу цамгаран доӀах тера хилар гахь, 44цомгушниг чкъуран цамгар йолуш ву, иза цӀена вац. Динан дас и стаг Далла хьалха цӀена цахилар дӀакхайкхо деза, стеган коьрта тӀехь даӀ ду аьлла.

45Кхераме чкъуран цамгар йолу стаг, тӀера бедарш этӀийна а йолуш, коьртара месаш низамехь а йоцуш, хила веза. Бета тӀе кхаччалц, коьртан лахе хьулйина хила еза цуьнан „ЦӀена вац! ЦӀена вац!“– бохуш, мохь бетта беза цо. 46Ерриг а хенахь, цунна тӀехь цамгар мел ю, иза цӀена вац. Иза дӀакъаьстина Ӏан веза».

Бедаршна тӀехь хуьлучу доӀан томмагӀех лаьцна

47«Нагахь бедарна тӀехь доӀан томмагӀа хилахь, – тӀергӀан я ветанан бедарна, 48я кӀадина тӀехь, я тӀаьрсигана тӀехь, я тӀаьрсигах йинчу хӀуманна тӀехь иза делахь, – 49ткъа цу тӀехь долу и томмагӀа баьццарчу я цӀечу басахь хилахь, иза кхерамечу доӀан томмагӀа ду ала мегар ду. Иза динан дена гайта деза. 50Динан дас, даӀан томмагӀе а хьаьжна, бехйина хӀума ворхӀ денна дӀакъастор ю 51ВорхӀалгӀачу дийнахь динан да юха а хьожур ву цу хӀумане. Нагахь даӀан томмагӀа бедарна тӀехь, я тӀергӀан я ветанан кӀади тӀехь, я тӀаьрсига тӀехь – цуьнан Ӏалашо мухха елахь а – дӀасадаьржинехь, иза кхерамечу доӀан томмагӀа ду. И хӀума цӀена яц. 52Динан дас шена тӀехь томмагӀа йолу и бедар, я тӀергӀан я ветанан долу кӀади, я тӀаьрсигах йина хӀума яго еза, хӀунда аьлча цунна тӀехь долу доӀан томмагӀа кхераме ду. И хӀума цӀера тӀехь яго еза.

53Нагахь динан дена доӀан томмагӀа бедарна тӀехула а, я кӀадина тӀехула а, я тӀаьрсиган хӀуманна тӀехула а дӀаса ца даьржинийла гахь, 54цо доӀан томмагӀа тӀехь долу бедар юьттуьйтур ю, юха и хӀума шолгӀа а дӀакъастор ю ворхӀ денна. 55Бехйина бедар йиттинчул тӀаьхьа, цо юха а толлур ю иза. Нагахь динан дена бедар тӀехь долу доӀан томмагӀа я хийцаделла а, я дӀасадаьржина а цахилар гахь, иза цӀена яц. Иза яго еза – доӀан томмагӀа бедаран тӀехуларчу я бухаларчу агӀонна тӀехь делахь а. 56Нагахь динан дас теллича, йиттинчу бедар тӀера доӀан томмагӀа жимма а бен цунна къаьсташ ца хилахь, томмагӀа долу дакъа цо бедарна, я тӀаьрсигана, я кӀадина тӀера схьадаккха деза. 57Нагахь доӀан томмагӀа юха а бедарна я кӀадина, я муьлххачу а тӀаьрсиган хӀуманна тӀехь гучудалахь, иза дӀасадаьржаш долу доӀан томмагӀа ду. Шена тӀехь доӀан томмагӀа мел долу бедар яго еза. 58Нагахь бедар я кӀади, я муьлхха а тӀаьрсиган хӀума йиттича, цунна тӀера доӀан томмагӀа лаьттина меттиг цӀанлахь, и хӀума кхин цкъа а йитта еза, тӀаккха иза цӀена хир ю».

59Иштта ду, тӀергӀан я ветанан бедарна я кӀадина тӀе, я муьлххачу тӀаьрсиган хӀуманна тӀе доӀан томмагӀа даьлча, иза цӀена я боьха хиларх долу тӀедиллинарг.

‏ Leviticus 14:1-54

Тобелларш Далла хьалха цӀанбарх лаьцна

1Везачу Эло Мусага элира: 2 a«Чкъуран кхераме цамгар йолу стаг товелча хиларх долу тӀедиллинарг иштта ду. Стаг Далла хьалха цӀанван везачу хенахь иза динан дена тӀевалор ву, 3ткъа динан да меттаматтал арахьа вер ву. Нагахь, талла а теллина, чкъуран кхераме цамгар йолу стаг товалар цунна гахь, 4динан дас омра лур ду, цӀанвеш волчу стагана лерина хьанал дийна ши олхазар а, баганан дечиг а, цӀен тай а, ярийн курс а схьаэца аьлла. 5Кхийрачу пхьегӀи тӀе а лаьцна, шовданан хина тӀехула цхьана олхазарна урс хьокхуьйтур ду динан дас. 6Дийна долу олхазар а, баганан дечиг а, цӀен тай а, ярийн курс а схьа а эцна, уьш шовданан хина тӀехула урс хьаькхначу олхазаран цӀийна чу Ӏуттур ду динан дас. 7Юха цамгарх цӀанвечу стагана тӀе ворхӀазза цӀийн тӀадамаш тухур ду цо. Цул тӀаьхьа, стаг Далла хьалха цӀена ву аьлла дӀа а кхайкхийна, дийна долу олхазар эрна ара дӀахоьцур ду динан дас. 8Шен бедарш а йиттина, месаш а лергина, хица цӀанвеллачул тӀаьхьа, и стаг Далла хьалха цӀена хир ву. Меттамотт болчу схьа а веана, шен четарна арахьа ворхӀ де доккхур ду цо. 9ВорхӀалгӀачу дийнахь ерриг а шен месаш дӀайошур ю цо: корта а, маж а, цӀоцкъамаш а, ерриг а кхийолу месаш а. Хица бедарш а йиттина, лийчинчул тӀаьхьа Далла хьалха цӀена хир ву иза.

10БорхӀалгӀачу дийнахь цхьа шо кхаьчна, айп доцу ши Ӏахар схьаоьцур бу цу стага. Цул сов, цхьа шо кхаьчна, айп доцу стен Ӏахар а, цхьа сахь зайтдаьтта тоьхна долу кӀен дама а кӀен сагӀина лерина а, ши кад зайтдаьтта а дан деза цо. 11Стаг цӀанвеш волчу динан дас цо деанчу совгӀаташца гуламан четаран неӀ йолчохь Везачу Элана хьалха хӀоттор ву иза. 12Цхьа Ӏахар а, цуьнца ши кад даьтта а, гӀуда такхаран сагӀа санна доккхур ду динан дас. Шатайпа сагӀа санна цо уьш Везачу Элана хьалха хьалаойур ду. 13Къинан сагӀина а, дийнаташ дагочу сагӀина а дийнат дуьйчу езачу меттехь Ӏахарна урс хьокхур ду, хӀунда аьлча, къинан сагӀа санна, къера хиларан долу хӀара сагӀа динан ден ду. Иза чӀогӀа деза сагӀа ду. 14ГӀуда такхаран сагӀина бийначу Ӏахаран цӀий, цхьажимма схьа а эцна, цӀанвечу стеган аьтту лерган дуьме а, аьтту куьйган нана-пӀелга тӀе а, аьтту коган нана-пӀелга тӀе а хьокхур ду динан дас. 15Кеда чуьра цхьажимма даьтта шен аьрру кераюкъа дуттур ду цо. 16Шен аьрру куьйгара даьттана чу а Ӏоьттина, аьтту куьйган пӀелгаца ворхӀазза Везачу Элана хьалха даьттанан цинцаш дӀакхуьссур ду динан дас. 17Куьйга тӀехь дисна даьтта цӀанвечу стеган аьтту лерган дуьме а, аьтту куьйган а, аьтту коган а нана-пӀелга тӀе а хьокхур ду цо. И меттигаш хьалха динан дас гӀуда такхаран сагӀина бийначу Ӏахаран цӀий хьаькхна ю. 18Кераюккъехь дисна даьтта цӀанвечу стеган коьрта тӀе хьокхур ду цо, тӀаккха и стаг Везачу Элана хьалха цӀанваран Ӏадат кхочушдийр ду динан дас.

19Къинан сагӀа а даьккхина, цамгарх товина стаг цӀанваран Ӏадат кхочушдийр ду динан дас. Цул тӀаьхьа дийнаташ дагоран сагӀина дийнат дуьйр ду цо. 20Дийнат а, кӀен сагӀа а кхерча тӀе дуьллур ду цо. Иштта динан дас цӀанваран Ӏадат кхочушдийр ду, тӀаккха и стаг Далла хьалха цӀена хир ву.

21Нагахь и стаг къен а велахь, цуьнан таро а яцахь, ша цӀанвархьама гӀуда такхаран сагӀина цхьа Ӏахар бало беза цо. Цу Ӏахаран жижиг Везачу Элана хьалха хьалаайа деза, шатайпа сагӀа санна. Цул сов, цу стага, кӀен сагӀина лерина, бархӀ кад зайтдаьттанца эдина кӀен дама а, ши кад зайтдаьтта а, 22ши къоркхокха я ши къона кхокха, шега эцалуш берг бан беза. Цхьа кхокха къинан сагӀина, важа дийнаташ дагоран сагӀина лерина хила беза. 23Ша цӀанлучу борхӀалгӀачу дийнахь, Везачу Элана хьалха, гуламан четаран неӀарна улло а еана, динан дега дӀаяла еза цо и хӀуманаш. 24ГӀуда такхаран сагӀина беана Ӏахар а, даьтта чохь долу ши кад а, хьала а ойуш, Везачу Элана хьалха шатайпа сагӀа санна боккхур бу динан дас. 25Ӏахар гӀуда такхаран сагӀина лерина бен а бийна, цуьнан цӀий цӀанвечу стеган аьтту лерган дуьме, аьтту куьйган а, аьтту коган а нана-пӀелгана тӀе а хьокхур ду динан дас. 26Шен аьрру куьйган кераюккъе цхьажимма даьтта дуттур ду цо, 27юха, аьрру куьйга тӀера цу даьттана чохь аьтту куьйган пӀелг а башийна, даьттанан цинцаш ворхӀазза Везачу Элана хьалха тосур ду. 28Хьалха ша цӀий хьаькхначу меттигашка: аьтту лерган дуьме а, аьтту куьйган а, аьтту коган а нана-пӀелгана тӀе а шен карара цхьажимма даьтта хьокхур ду динан дас. 29Дисина даьтта цӀанвечу стеган коьрта тӀе хьокхур ду цо, Везачу Элана хьалха иза цӀанваран Ӏадат кхочушдархьама. 30ЦӀанлуш волчу стага, шен тароне хьаьжжина, беана цхьа къоркхокха я къона кхокха бен беза динан дас. 31Царах цхьа олхазар къинан сагӀина а, важа кӀен сагӀанца дийнаташ дагоран сагӀина а лерина, бен беза цо. Иштта цамгарх товина стаг Везачу Элана хьалха цӀанваран Ӏадат кхочушдийр ду динан дас. 32Иштта ду ша цӀанваран Ӏадат кхочушдечу хенахь сагӀина дан дезачунна таро йоцучу чкъуран цамгар кхеттачу стагах долу тӀедиллинарг».

ЦӀенош тӀехь хуьлучу доӀан томмагӀех лаьцна

33Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира: 34«Нагахь, Ас шуна луш долчу канаӀанхойн лаьтта тӀе шу девлча, шун долахь долчу лаьтта тӀера цхьана цӀенна доӀан томмагӀаш Аса кхетийтахь, 35и цӀа долчо, динан дена тӀе а вахана, ала деза: „Сан цӀенна тӀехь томмагӀаш гучудевлла, ткъа уьш доӀан томмагӀех тера ду“. 36ЦӀийне хьажа ша чувалале, иза дассаде эр ду динан дас, цу чохь дерг боьха ца хилийта. Цул тӀаьхьа иза, талла а толлуш, цӀийне хьожур ву. 37Нагахь цунна, томмагӀашка хьаьжча, кӀоргга чудахна а долуш, пена тӀехула баьццарчу я цӀечу басахь уьш хилар гахь, 38цӀа чуьра ара а ваьлла, ворхӀ денна иза дӀакъовлур ду динан дас. 39ВорхӀалгӀачу дийнахь ша юхавеача, томмагӀаш дерриг а пенашна тӀехула дӀасадаьржина хилар динан дена гахь, 40томмагӀаш тӀехь долу тӀулгаш, схьа а дахийтина, гӀалел арахьа, боьхачу метте дӀакхуьссуьйтур ду цо. 41ЦӀа чуьра пенаш тӀера хьахарш, охьа а дахийтина, гӀалел арахьа, боьхачу метте дӀакхуьссуьйтур ду. 42ДӀадаьхначеран метта кхин тӀулгаш дӀахӀиттор ду, керла хьахар а дина, пенаш юхахьохур ду.

43Нагахь, тӀулгаш а, хьахарш а хийцинчул тӀаьхьа, томмагӀаш, юха гучу а девлла, дӀасадаьржаш хилахь, 44динан дас кхин цкъа а цӀа толлур ду. Нагахь томмагӀаш пенашна тӀехула дӀасадаьржинехь, уьш кхераме доӀан томмагӀаш ду, цӀа цӀена дац. 45И цӀа доха а дина, цуьнан тӀулгаш а, дечигаш а, хьахарш а гӀалел арахьа, боьхачу метте дӀакхисса еза. 46Нагахь цхьаъ и цӀа къевлина долчу хенахь цу чу гӀахь, иза сарралц Далла хьалха цӀена хир вац. 47Цу цӀа чохь дӀавижначо я хӀума йиинчо шен бедарш йитта еза, ткъа иза сарралц Далла хьалха цӀена хир вац. Цу чохь хӀума йиинчо а шен бедарш йитта еза, иза а сарралц цӀена хир вац.

48Нагахь динан да веача, пенаш хьаьхначул тӀаьхьа томмагӀаш дӀасадаьржина цахилар цунна, теллинчул тӀаьхьа гахь, цо цӀа Далла хьалха цӀена хилар дӀакхайкхор ду, хӀунда аьлча томмагӀаш дӀадевлла. 49И цӀа цӀандархьама, ши олхазар а, баганан дечиг а, цӀен тай а, ярийн курс а схьаоьцур ю динан дас. 50Кхийра пхьегӀи тӀе а лаьцна, шовданан хи тӀехула цхьана олхазарна урс хьокхур ду цо. 51Баганан дечиг а, ярийн курс а, цӀен тай а, дийна долу олхазар а схьа а эцна, уьш шовданан хи тӀехула урс хьаькхначу олхазаран цӀийна чу а Ӏоьттина, цӀенна тӀе ворхӀазза цинцаш тухур ду динан дас. 52Олхазаран цӀийца, дийначу хица а, дийначу олхазарца а, баганан дечигаца а, ярийн курсаца а, цӀечу тайца а цӀа цӀандийр ду цо. 53Дийна долу олхазар гӀалел арахь, эрна аренгахула, дӀахоьцур ду. Иштта цӀа цӀандаран Ӏадат кхочушдийр ду цо, тӀаккха иза Далла хьалха цӀена хир ду.

54Иштта ду чкъуран муьлххачу цамгарх а, чераш долчу цамгарх а,
Copyright information for CheCAC2012