Leviticus 14:1-32
Тобелларш Далла хьалха цӀанбарх лаьцна
1Везачу Эло Мусага элира: 2 a«Чкъуран кхераме цамгар йолу стаг товелча хиларх долу тӀедиллинарг иштта ду. Стаг Далла хьалха цӀанван везачу хенахь иза динан дена тӀевалор ву, 3ткъа динан да меттаматтал арахьа вер ву. Нагахь, талла а теллина, чкъуран кхераме цамгар йолу стаг товалар цунна гахь, 4динан дас омра лур ду, цӀанвеш волчу стагана лерина хьанал дийна ши олхазар а, баганан дечиг а, цӀен тай а, ярийн курс а схьаэца аьлла. 5Кхийрачу пхьегӀи тӀе а лаьцна, шовданан хина тӀехула цхьана олхазарна урс хьокхуьйтур ду динан дас. 6Дийна долу олхазар а, баганан дечиг а, цӀен тай а, ярийн курс а схьа а эцна, уьш шовданан хина тӀехула урс хьаькхначу олхазаран цӀийна чу Ӏуттур ду динан дас. 7Юха цамгарх цӀанвечу стагана тӀе ворхӀазза цӀийн тӀадамаш тухур ду цо. Цул тӀаьхьа, стаг Далла хьалха цӀена ву аьлла дӀа а кхайкхийна, дийна долу олхазар эрна ара дӀахоьцур ду динан дас. 8Шен бедарш а йиттина, месаш а лергина, хица цӀанвеллачул тӀаьхьа, и стаг Далла хьалха цӀена хир ву. Меттамотт болчу схьа а веана, шен четарна арахьа ворхӀ де доккхур ду цо. 9ВорхӀалгӀачу дийнахь ерриг а шен месаш дӀайошур ю цо: корта а, маж а, цӀоцкъамаш а, ерриг а кхийолу месаш а. Хица бедарш а йиттина, лийчинчул тӀаьхьа Далла хьалха цӀена хир ву иза. 10БорхӀалгӀачу дийнахь цхьа шо кхаьчна, айп доцу ши Ӏахар схьаоьцур бу цу стага. Цул сов, цхьа шо кхаьчна, айп доцу стен Ӏахар а, цхьа сахь зайтдаьтта тоьхна долу кӀен дама а кӀен сагӀина лерина а, ши кад зайтдаьтта а дан деза цо. 11Стаг цӀанвеш волчу динан дас цо деанчу совгӀаташца гуламан четаран неӀ йолчохь Везачу Элана хьалха хӀоттор ву иза. 12Цхьа Ӏахар а, цуьнца ши кад даьтта а, гӀуда такхаран сагӀа санна доккхур ду динан дас. Шатайпа сагӀа санна цо уьш Везачу Элана хьалха хьалаойур ду. 13Къинан сагӀина а, дийнаташ дагочу сагӀина а дийнат дуьйчу езачу меттехь Ӏахарна урс хьокхур ду, хӀунда аьлча, къинан сагӀа санна, къера хиларан долу хӀара сагӀа динан ден ду. Иза чӀогӀа деза сагӀа ду. 14ГӀуда такхаран сагӀина бийначу Ӏахаран цӀий, цхьажимма схьа а эцна, цӀанвечу стеган аьтту лерган дуьме а, аьтту куьйган нана-пӀелга тӀе а, аьтту коган нана-пӀелга тӀе а хьокхур ду динан дас. 15Кеда чуьра цхьажимма даьтта шен аьрру кераюкъа дуттур ду цо. 16Шен аьрру куьйгара даьттана чу а Ӏоьттина, аьтту куьйган пӀелгаца ворхӀазза Везачу Элана хьалха даьттанан цинцаш дӀакхуьссур ду динан дас. 17Куьйга тӀехь дисна даьтта цӀанвечу стеган аьтту лерган дуьме а, аьтту куьйган а, аьтту коган а нана-пӀелга тӀе а хьокхур ду цо. И меттигаш хьалха динан дас гӀуда такхаран сагӀина бийначу Ӏахаран цӀий хьаькхна ю. 18Кераюккъехь дисна даьтта цӀанвечу стеган коьрта тӀе хьокхур ду цо, тӀаккха и стаг Везачу Элана хьалха цӀанваран Ӏадат кхочушдийр ду динан дас. 19Къинан сагӀа а даьккхина, цамгарх товина стаг цӀанваран Ӏадат кхочушдийр ду динан дас. Цул тӀаьхьа дийнаташ дагоран сагӀина дийнат дуьйр ду цо. 20Дийнат а, кӀен сагӀа а кхерча тӀе дуьллур ду цо. Иштта динан дас цӀанваран Ӏадат кхочушдийр ду, тӀаккха и стаг Далла хьалха цӀена хир ву. 21Нагахь и стаг къен а велахь, цуьнан таро а яцахь, ша цӀанвархьама гӀуда такхаран сагӀина цхьа Ӏахар бало беза цо. Цу Ӏахаран жижиг Везачу Элана хьалха хьалаайа деза, шатайпа сагӀа санна. Цул сов, цу стага, кӀен сагӀина лерина, бархӀ кад зайтдаьттанца эдина кӀен дама а, ши кад зайтдаьтта а, 22ши къоркхокха я ши къона кхокха, шега эцалуш берг бан беза. Цхьа кхокха къинан сагӀина, важа дийнаташ дагоран сагӀина лерина хила беза. 23Ша цӀанлучу борхӀалгӀачу дийнахь, Везачу Элана хьалха, гуламан четаран неӀарна улло а еана, динан дега дӀаяла еза цо и хӀуманаш. 24ГӀуда такхаран сагӀина беана Ӏахар а, даьтта чохь долу ши кад а, хьала а ойуш, Везачу Элана хьалха шатайпа сагӀа санна боккхур бу динан дас. 25Ӏахар гӀуда такхаран сагӀина лерина бен а бийна, цуьнан цӀий цӀанвечу стеган аьтту лерган дуьме, аьтту куьйган а, аьтту коган а нана-пӀелгана тӀе а хьокхур ду динан дас. 26Шен аьрру куьйган кераюккъе цхьажимма даьтта дуттур ду цо, 27юха, аьрру куьйга тӀера цу даьттана чохь аьтту куьйган пӀелг а башийна, даьттанан цинцаш ворхӀазза Везачу Элана хьалха тосур ду. 28Хьалха ша цӀий хьаькхначу меттигашка: аьтту лерган дуьме а, аьтту куьйган а, аьтту коган а нана-пӀелгана тӀе а шен карара цхьажимма даьтта хьокхур ду динан дас. 29Дисина даьтта цӀанвечу стеган коьрта тӀе хьокхур ду цо, Везачу Элана хьалха иза цӀанваран Ӏадат кхочушдархьама. 30ЦӀанлуш волчу стага, шен тароне хьаьжжина, беана цхьа къоркхокха я къона кхокха бен беза динан дас. 31Царах цхьа олхазар къинан сагӀина а, важа кӀен сагӀанца дийнаташ дагоран сагӀина а лерина, бен беза цо. Иштта цамгарх товина стаг Везачу Элана хьалха цӀанваран Ӏадат кхочушдийр ду динан дас. 32Иштта ду ша цӀанваран Ӏадат кхочушдечу хенахь сагӀина дан дезачунна таро йоцучу чкъуран цамгар кхеттачу стагах долу тӀедиллинарг».
Copyright information for
CheCAC2012