Leviticus 16:2-34
2 aВезачу Эло Мусага элира: «Хьайн вешига АхӀароне дӀаала, шена дага мел деанчу хенахь Делан четаран кирхьанна тӀехьа йолчу уггар езачу меттиге ма гӀо. Цигахь лаьттачу бартбаран тӀорказан негӀарна хьалха иза веача, АхӀарон вала мега, хӀунда аьлча къинош дӀадахаран негӀарна тӀехула йолчу мархина юккъехь Со гучуволу. 3 bДелан четаран уггар езачу чоьнна чувале, къинан сагӀина старгӀа а, дийнаташ дагоран сагӀина ка а бан беза АхӀарона. 4Дуткъачу кӀадих йина еза коч тӀеюха еза цо тӀе, дуткъачу кӀадих йина чухула юху хӀума а, доьхка а, чалба а хила еза цунна тӀехь. Уьш деза духарш ду, шен дегӀ хица дила а дилина, юха еза цо уьш тӀе. 5Исраилхойн халкъана тӀера къинан сагӀина лерина ши бож а, дийнаташ дагоран сагӀина лерина ка а схьаэца беза АхӀарона. 6Шена тӀера къинан сагӀина лерина старгӀа а йийна, ша а, шен цӀийно а летийна къинош дӀадохур ду цо. 7Ши бож, схьа а ялийна, Везачу Элана хьалха гуламан четаран неӀарехь дӀахӀоттор ю цо. 8Юха АхӀарона шина божана кхаж тосур бу: цхьа кхаж Везачу Элана лерина, ткъа важа Ӏазизалина ▼▼Ӏазизал – оцу дешан гочдар билггал хууш дац. Иза цхьана яьссачу аренгарчу жинан цӀе хила тарло я иза «дӀахоьцу бож» хила тарло.
лерина. 9Везачу Элана лерина кхаж баьлла бож, схьа а ялийна, къинан сагӀа санна йоккхур ю АхӀарона. 10ДӀахецаран кхаж баьлла дийна йолу бож Везачу Элана хьалха хӀоттор ю. Цул тӀаьхьа и бож яьссачу ара, Ӏазизал долчу, дӀахоьцур ю, халкъан къинош дӀадахархьама. 11АхӀарона шена тӀера къинан сагӀина лерина старгӀа ялор ю, ша а, шен цӀийно а летийна къинош дӀадахархьама. Шена тӀера къинан сагӀина лерина старгӀина урс хьокхур ду цо. 12Везачу Элана хьалха болчу сагӀа доккхучу кхерча тӀера богуш болчу кӀоранах юьззина ной а, ши кана юьззина кегийра аьтта долу хаза хьожа йогӀу сегӀаз а, схьа а эцна, кирхьанна тӀехьа йолчу уггар езачу чоьнна чухьур ду АхӀарона. 13Везачу Элана хьалха йогучу цӀера тӀе дуьллур ду цо хаза хьожа йогӀу сегӀаз. СегӀазан кӀуьро тоьшаллин тӀорказан къинош дӀадахаран негӀар дӀахьулдийр ду, АхӀарон, иза ган а гина, ца валийтархьама. 14Юха старгӀин цӀий, шен пӀелгаца цхьажимма схьа а эцна, негӀарна тӀе а, ворхӀазза цунна хьалха а тухур ду цо. 15 dКъинан сагӀина халкъана тӀера бож юьйр ю цо, тӀаккха цуьнан цӀий а, старгӀин цӀий санна, кирхьанна тӀехьа йолчу уггар езачу чоьне а даьхьна, негӀарна тӀе а, ворхӀазза бартбаран тӀорказна хьалха а тухур ду цо. 16Исраилхойн боьха гӀуллакхаш а, зуламаш а, къинош а цо иштта дӀадохур ду уггар езачу чоьнна тӀера. Изза цо дан деза гуламан четарца а, хӀунда аьлча иза меттаматтана юкъахь лаьтташ ду, ткъа и меттамотт Далла хьалха цӀена бац. 17АхӀарон, уггар езачу чоьнна чу къинош дӀадаха а вахана, араваллалц, цхьа а стаг гуламан четарна чохь хила мегар дац. Иштта ша а, шен цӀийно а, дерриг а исраилхойн халкъо а летийна къинош дӀа а даьхна, 18Везачу Элана хьалха болчу сагӀа доккхучу кхерчана тӀе а вахана, иза цӀанбан беза цо. СтаргӀин а, божан а цӀий цхьажимма кхерчан массо а маӀана тӀе хьокхур ду цо. 19Шен пӀелга тӀера ворхӀазза кхерча тӀе цхьажимма цӀий а тоьхна, иза цӀанбийр бу цо, исраилхой цӀена цахиларх базбийр бу и кхерч». ДӀахоьцуш йолу бож
20«Уггар еза чоь а, гуламан четар а, сагӀа доккху кхерч а, цӀан а бина, дийна бож схьаялор ю АхӀарона. 21Шен куьйгаш дийначу божан коьрта тӀе а дехкина, цунна тӀехь исраилхойн ерриг а харцонаш а, зуламаш а, къинош а дӀадуьйцур ду цо, уьш цу божан коьрта чу а дуьллуш. Цул тӀаьхьа ша билгалваьккхинчу стагаца яьссачу ара дӀахьажор ю цо и бож. 22Божо нехан ерриг а харцонаш шеца яьссачу ара дӀахьур ю, цу стага ша дӀахецча. 23 eГуламан четарна чу а вахана, ша хьалха чувоьдуш тӀедоьхна хиллачу дуткъачу кӀадих дина духарш цу чохь дуьтур ду АхӀарона. 24Езачу меттехь шен дегӀ а дилина, ша лелош йолу бедарш тӀе а юьйхина, аравер ву иза. Шена а, халкъана а тӀера дийнаташ дагоран сагӀа доккхур ду цо, ша а, халкъо а летийна къинош дӀадахархьама. 25Къинан сагӀина йийначу старгӀин мохь кхерча тӀехь ягор ю цо. 26Яьссачу ара бож дӀахьажо ваханарг, шен бедарш а йиттина, лийча веза. Цул тӀаьхьа иза меттаматтана чуваха мега. 27 fДелан четаран уггар езачу чоьнна чохь къинош дӀадаха цӀий даьккхина йолчу, къинан сагӀина йийначу старгӀин а, божан а чархаш, меттаматтал арахьа а яьхна, церан неӀарш а, жижиг а, боьхаллаш а яго еза. 28Уьш ягийнарг, шен бедарш а йиттина, лийча веза, тӀаккха меттамотт болчу ван мегар ду иза».Къинош дӀадахаран де ларар
29 g«Шуна гуттаренна а тӀедуьллуш ду хӀара хӀума: ворхӀалгӀачу беттан уьтталгӀачу дийнахь массо а хӀума шайна доьхкуш, марха а кхаба, цхьа а тайпа болх а ма бе. Кхузахь Ӏаш волчу исраилхочо а, шуна юкъахь тӀевеана Ӏаш волчу стага а ма бе цу хенахь болх, 30хӀунда аьлча цу дийнахь шун къинош дӀадохур ду, шу цӀандархьама. Иштта шайн массо а къинойх Везачу Элана хьалха цӀена хир ду шу. 31Иза садоӀу шоьтан де ду, массо а хӀума шайна доьхкуш, марха кхаба цу дийнахь. Иза гуттаренна а тӀедиллина ду шуна. 32Шен ден метта даьттанца къобалвина а, вазвина а волу динан коьрта да шун къинош дӀадахаран Ӏадат кхочушдан дезаш верг ву. Дуткъачу кӀадих дина деза духарш тӀе а дуьйхина, 33уггар еза чоь а, гуламан четар а, сагӀа доккху кхерч а, динан дай а, халкъан массо а нах а цӀанбаран Ӏадат кхочушдийр ду цо. 34Иза гуттаренна а шуна тӀедиллина хӀума хир ду: исраилхойн дерриг а къинош шарахь цкъа дӀадахар». Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара, кхочушдира АхӀарона дерриг а.
Copyright information for
CheCAC2012