Leviticus 16:29-34
Къинош дӀадахаран де ларар
29 a«Шуна гуттаренна а тӀедуьллуш ду хӀара хӀума: ворхӀалгӀачу беттан уьтталгӀачу дийнахь массо а хӀума шайна доьхкуш, марха а кхаба, цхьа а тайпа болх а ма бе. Кхузахь Ӏаш волчу исраилхочо а, шуна юкъахь тӀевеана Ӏаш волчу стага а ма бе цу хенахь болх, 30хӀунда аьлча цу дийнахь шун къинош дӀадохур ду, шу цӀандархьама. Иштта шайн массо а къинойх Везачу Элана хьалха цӀена хир ду шу. 31Иза садоӀу шоьтан де ду, массо а хӀума шайна доьхкуш, марха кхаба цу дийнахь. Иза гуттаренна а тӀедиллина ду шуна. 32Шен ден метта даьттанца къобалвина а, вазвина а волу динан коьрта да шун къинош дӀадахаран Ӏадат кхочушдан дезаш верг ву. Дуткъачу кӀадих дина деза духарш тӀе а дуьйхина, 33уггар еза чоь а, гуламан четар а, сагӀа доккху кхерч а, динан дай а, халкъан массо а нах а цӀанбаран Ӏадат кхочушдийр ду цо. 34Иза гуттаренна а шуна тӀедиллина хӀума хир ду: исраилхойн дерриг а къинош шарахь цкъа дӀадахар». Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара, кхочушдира АхӀарона дерриг а.
Copyright information for
CheCAC2012