‏ Leviticus 17:10-14

10 aНагахь исраилхойх я царна юкъахь тӀебаьхкина Ӏаш болчарах цхьаммо муьлхха а цӀийца долу жижиг даахь, Аса Сайн оьгӀазло яссор ю цӀий дуучун синна дуьхьал, шен халкъана юкъара и са дӀа а эккхор ду. 11 bДегӀан са цӀийна чохь долу дела, Аса цӀий сагӀа доккхучу кхерчана лерина хилийта аьлла шуьга, цӀий Ӏанорца шун синош къинойх цӀандайтархьама. Шена чохь са долчу цӀийно къинош дӀа ма доху. 12Цундела аьлла Ас исраилхошка, царах цхьаммо а, царна юкъахь тӀевеана Ӏаш волчо а цӀий даа мегар дац.

13Нагахь исраилхойх я царна юкъахь тӀебаьхкина Ӏаш болчех цхьаммо яа мегаш йолу акхаро я олхазар лацахь, цуьнан цӀий дӀа а дахийтина, юха цу цӀийна тӀе латта таса деза, 14хӀунда аьлча муьлххачу дегӀан са цуьнан цӀийна чохь ду. Цундела аьлла Ас исраилхошка, шеца цӀий долу цхьа а дилха ма даа. ЦӀий дууш верг муьлхха а шен халкъана юкъара эккхор ву.
Copyright information for CheCAC2012