‏ Leviticus 18:6-23

6Цхьа а стаг шен гергарчу зудчуьнца дӀавижа мегар дац. Со Веза Эла ву. 7Хьайн да сийсаз ма ваккха, хьайн ненаца дӀа а вуьжуш. И зуда хьан нана ю, цуьнца дӀавижа мегар дац. 8 aХьайн ден кхийолчу зудчуьнца а дӀа ма вижа. Иза хьайн деца дӀавижар санна ду. 9 bХьайн ден я ненан йоӀаца, хьайн йишица, дӀа ма вижа – иза хьайн цӀахь я кхечу меттехь йина елахь а. 10Хьайн кӀентан я йоӀан йоӀаца дӀа ма вижа. И дарца ахь-хьо сийсаз ма воккху. 11Хьан дестечо хьан дена йинчу йоӀаца дӀа ма вижа. Хьан йиша ма ю иза. 12 cХьайн ден йишица дӀа ма вижа. Хьан деца цхьана цӀийх схьаяьлла ма ю иза. 13Хьайн ненан йишица дӀа ма вижа. Хьан ненаца цхьана цӀийх схьаяьлла ма ю иза. 14Хьайн ден ваша сийсаз ма ваккха, цуьнан зудчуьнца дӀа а вуьжуш. Иза хьан деца ма ю. 15 dХьайн несаца дӀа ма вижа. Иза хьан кӀентан зуда ма ю. 16 eХьайн вешин зудчуьнца дӀа ма вижа. Иза хьайн вешица дӀавижар санна ду. 17 fНенаца а, йоӀаца а дӀа ма вижа, ткъа иштта зудчуьнца а, цуьнан кӀентан я йоьӀан йоӀаца а ма вижа. Уьш цхьана цӀийх схьабевлла бу. Цаьрца дӀавижар дегаза ду. 18Бухахь йолчу зудчунна тӀе цуьнан йиша ма ялае, царах эмгарш хилийта. Хьайн зуда дийна а йолуш, цуьнан йишица дӀа ма вижа.

19 gХьайн зуда цӀена йоцучу деношкахь цуьнца дӀа ма вижа. 20 hХьайн уллорачун зудчуьнца дӀа ма вижа, хьо Далла хьалха боьха хир ву. 21 iМулка-далла сагӀа даккха хьайн бераш дӀа ма ло, хьайн Делан цӀе иштта сийсаз ма е. Со Веза Эла ву. 22 jЗудчуьнца санна, стагаца дӀа ма вижа. Иза дегаза хӀума ду. 23 kЦхьана а дийнатца дӀа ма вижа, цу гӀуллакхо хьо Далла хьалха боьха хуьлуьйтур ву. Зуда а дийнатца дӀа ма йижа. Иза чӀогӀа маьттаза хӀума ду!
Copyright information for CheCAC2012