‏ Leviticus 23:33-44

Адамаш кхалораш кӀелахь Ӏаш долу деза денош

33 aВезачу Эло Мусага элира: 34«ДӀаала исраилхошка: „Оццу ворхӀалгӀачу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь дуьйна ворхӀ де Везачу Элана лерина хилийта. Адамаш кхалораш кӀелахь Ӏаш долу деза денош де царах. 35Хьалхарчу дийнахь беза гулам дӀахьо, вукху деношкахь санна болу болх ма бе. 36ВорхӀ дийнахь Везачу Элана лерина цӀера тӀехь сагӀа даккха. БархӀалгӀачу дийнахь безачу гуламе нах а кхайкха, Везачу Элана цӀера тӀехь сагӀа а даккха. Иза динан гулам бу, вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу хенахь.

37(Иштта ду Везачу Элана лерина деза денош. Цу деношкахь безачу гуламашка нах а кхайкха, шен-шен дийнахь цӀера тӀехь сагӀанаш а даха: дийнаташ дагоран а, кӀен а, бертан а, чагӀаран а сагӀанаш. 38И деза денош Везачу Элана леринчу шоьтан деношна тӀетоьхна а ду, ткъа и сагӀанаш – Везачу Элана лерина кхидолчу сагӀанашна а, шайн лаамца я шаьш динчу нигаташца дахьачу совгӀаташна а тӀетоьхна а ду.)

39ВорхӀалгӀачу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь дуьйна, шаьш ялта схьагулдина девлча, ворхӀ дийнахь Везачу Элана лерина деза денош дазде, хьалхарчу а, бархӀалгӀачу а дийнахь са а доӀуш. 40Хьалхарчу дийнахь тоьлла стоьмаш а, хурма-диттан а, шуьйра гӀаш долчу диттан а, хина уллохь кхуьучу дак-диттан а гаьннаш схьа а эций, шайн Везачу Далла хьалха ворхӀ дийнахь самукъадаккха. 41ХӀора шарахь ворхӀ дийнахь Везачу Элана лерина дазде и деза денош. Иза шун тӀаьхьенашна гуттаренна а тӀедуьллуш ду. ВорхӀалгӀачу баттахь дазде и деза денош. 42Кхалораш кӀелахь Ӏе ворхӀ дийнахь. Исраилан махкахь дина долу муьлхха а стаг а, зуда а кхалор кӀелахь Ӏен деза. 43Шун тӀаьхьенашна хуур ду тӀаккха, исраилхой Мисар-махкара арабаьхча, Ас кхалораш кӀелахь баха охьаховшийний. Со шун Веза Дела ву“».

44Иштта Мусас исраилхошна дийцира Везачу Элан дезачу денойх лаьцна.
Copyright information for CheCAC2012