Leviticus 23:5-14
Пасахьан а, совсазчу баьпкан а деза де
(Лелар 28:16-25)
5 a«Хьалхарчу беттан дейтталгӀачу дийнахь, сарахь, Везачу Элана лерина Пасахь хила деза. 6 bТкъа цу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь Везачу Элана лерина долу Совсазчу баьпкан деза денош дуьйладала деза. ВорхӀ дийнахь совсаза бепиг даа дезаш ду шу. 7Цу езачу хенан хьалхарчу дийнахь безачу гуламе нах кхайкха. Вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу дийнахь. 8ВорхӀ дийнахь Везачу Элана лерина цӀера тӀехь сагӀанаш даха. ВорхӀалгӀачу дийнахь а кхайкха нах безачу гуламе. Вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу дийнахь». 9Везачу Эло Мусага элира: 10«ДӀаала исраилхошка: „Ас шайна луш долчу лаьтта тӀе шаьш даьхкича, ялта чудерзочу хенахь дуьххьарлера цӀов динан дега дӀало. 11Цо и цӀов, шатайпа сагӀа санна, Везачу Элана хьалха хьалаойур бу, Иза шуна резахилийта. Шоьтан де чекхдаьллачу шолгӀачу дийнахь и ялтин цӀов Везачу Элана хьалха хьалаойур бу цо. 12ЦӀов хьалаойучу дийнахь цхьа шо кхаьчна, сакхт доцу Ӏахар а бей, цунах Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран сагӀа даккха. 13Ӏахарца цхьаьна кӀен сагӀа а, чагӀаран сагӀа а да. КӀен сагӀина цхьа сахь кӀен тоьлла дама схьа а эца, ткъа цу тӀе даьтта тоха. ЦӀера тӀехь даьккхина кӀен сагӀин хьожа Везачу Элана тамехь хир ю. ЧагӀаран сагӀина хӀин ▼▼ХӀин – цхьа хӀин еа литаран барам бара.
цӀе йолчу бараман доьалгӀа дакъа чагӀар схьаэца. 14Шайн Далла лерина и сагӀанаш дохуш долу де тӀекхаччалц, бепиг а, кхерзина я керла буьртигаш а ма даалаш. Шун тӀаьхьенашна, миччанхьа шаьш Ӏаш делахь а, гуттаренна а тӀедуьллуш ду иза“».
Copyright information for
CheCAC2012