a Арадаккхар 12:1-13; Карлабаьккхинарг 16:1, 2.
bАрадаккхар 12:14-20; 23:15; 34:18; Карлабаьккхинарг 16:3-8.

‏ Leviticus 23:5-8

Пасахьан а, совсазчу баьпкан а деза де

(Лелар 28:16-25)

5 a«Хьалхарчу беттан дейтталгӀачу дийнахь, сарахь, Везачу Элана лерина Пасахь хила деза. 6 bТкъа цу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь Везачу Элана лерина долу Совсазчу баьпкан деза денош дуьйладала деза. ВорхӀ дийнахь совсаза бепиг даа дезаш ду шу. 7Цу езачу хенан хьалхарчу дийнахь безачу гуламе нах кхайкха. Вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу дийнахь. 8ВорхӀ дийнахь Везачу Элана лерина цӀера тӀехь сагӀанаш даха. ВорхӀалгӀачу дийнахь а кхайкха нах безачу гуламе. Вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу дийнахь».
Copyright information for CheCAC2012