‏ Leviticus 24:1-4

Къуьданах лаьцна тӀедиллинарг

(Арадаккхар 27:20, 21)

1Везачу Эло Мусага элира: 2«Исраилхошна тӀедилла, даго тоьлла цӀена зайтдаьтта да алий, стогар массо а хенахь богуш хилийта. 3Бартбаран тӀорказна дуьхьалъоьллинчу кирхьанан арарчу агӀор гуламан четарна чохь АхӀарона стогар Везачу Элана хьалха латийна латто беза, сарахь дуьйна Ӏуьйре тӀекхаччалц. Шун тӀаьхьенашна гуттаренна а тӀедуьллуш ду иза. 4ЦӀеначу деших бинчу стогарна тӀехь болу къуьданаш Ӏалашбийр бу цо, Везачу Элана хьалха иза гуттар а латийна латтор а бу».
Copyright information for CheCAC2012