a Арадаккхар 23:10, 11.
Leviticus 25:1-7
ВорхӀалгӀа шо
(Карлабаьккхинарг 15:1-11)
1 aСинай-лам тӀехь Везачу Эло Мусага элира: 2«ДӀаала исраилхошка: „Аса шайна лун долчу лаьтта тӀе шаьш даьхкича, Везачу Элана лерина садоӀучу заманахь цу лаьтте садаӀийта. 3Ялх шарахь дӀае шайн аренаш, ялх шарахь шайн кемсаш а хедае, церан кенаш а лахьаде. 4Амма ворхӀалгӀачу шарахь лаьтте садаӀийта. Везачу Элана лерина шатайпа хан хила еза иза. Цу шарахь латта дӀа а ма де, кемсаш а ма хедае. 5Лаьтта тӀехь ша хьалаяьлларг тӀаьхьалонна дӀа ма йилла, хедоза йолчу кемсийн таьллангаш тӀера кенаш схьа а ма даха. Лаьтто садоӀу шо хир ду иза. 6Лаьтто цхьана шарахь садоӀур ду, амма тоъал кхача хир бу шуна а, шун лешна а, гӀарбашашна а, тӀелаьцначу белхалошна а, шуьгахь Ӏачу тӀебаьхкинчу нахана а, 7шун даьхнина а, шун лаьтта тӀехь йолчу акхарошна а. Лаьттах ша схьаяьлларг шуна яа мегар ю“».
Copyright information for
CheCAC2012