‏ Leviticus 25:35-37

Къийбеллачарах а, лех а

35 aНагахь санна хьайн ваша, къийвелла, таро йоцуш велахь, гӀо де цунна, тӀевеанчу стагана я хьешана санна, иза шуна юкъахь кхидӀа а Ӏайта. 36Айхьа цуьнга деллачу ахчанах ял а ма яккха, хьайн Делах а кхера, хьайн ваша шайна юкъахь а вахийта. 37 bЯл яккхийта духалург хьайн ахча а ма ло цуьнга, са яккхийта хьайн ялта а ма дохка цунна.
Copyright information for CheCAC2012