a Арадаккхар 21:2-6; Карлабаьккхинарг 15:12-18.
Leviticus 25:39-46
Леш дӀахеца
39 aКъийвеллачу вашас ша хьайна вохкахь, ваца ма ве иза, лай санна. 40Хьо волчохь Ӏайта иза, цхьана ханна тӀевеана стаг санна, меттахӀотторан шо тӀекхаччалц. 41ТӀаккха, шен бераш схьа а эцна, гергарчу нахана тӀегӀур ву иза. Цигахь шен доьзалан латта юха схьаоьцур ду цо. 42ХӀунда аьлча уьш Сан леш бу, Ас Мисарара арабаьхна болу. Уьш леш санна, бохка мегар дац. 43Къизаллица олалла а ма де цу стагана тӀехь, хьайн Делах кхоьруш а хила. 44Шайна леш я гӀарбашаш безахь, гонахарчу къаьмнашна юкъахь эца уьш. 45Иштта шайн махкахь тӀебаьхкина Ӏаш болу нах а, шайн лаьтта тӀехь кхиинчу церан тӀаьхьенах берш а эца мегар ду. Уьш шун долахь хила мегаш бу. 46Шайн тӀаьхьенашна бита а мега аша уьш, кхин болу бахам санна. Уьш гуттар а церан долахь хир бу, леш а хилла. Ткъа шайн вежаршна-исраилхошна тӀехь къизаллица олалла ма де.
Copyright information for
CheCAC2012