Leviticus 26:3-13
3 aНагахь Сан парзашца шу лелахь, Сан весеташ, лар а деш, аш кхочушдахь, 4Ас шен хеннахь догӀанаш доуьйтур ду шуна, тӀаккха лаьтто ялта а, арарчу дитташа шайн стоьмаш а лур бу. 5Кемсаш схьайоху хан тӀекхаччалц шайн ялта орур ду аша, ткъа кемсаш ялта дӀаделлалц схьайохур ю аша. Дуззалц шайн бепиг а дууш, шайн махкахь паргӀат Ӏийр ду шу. 6Шун махкахь машар хӀоттор бу Ас. ПаргӀат дӀадуьйшур ду шу, цхьаммо а шуна новкъарло йийр яц. Къиза акхарой шун лаьтта тӀера дӀалохкур ю Ас, тӀом шун махкахь кхин могуьйтур бац. 7Шайн мостагӀий лохкур бу аша, шун тарраша эгор бу уьш. 8Шух пхеаммо бӀе эккхор ву, бӀеммо итт эзар лоллур ву, шун тарраша эгор бу и мостагӀий. 9Шун терго йийр ю Ас, шу доьбуьйтур ду, дуккха а бераш а хуьлуьйтуш. Вай бинчу барта тӀехь Со чӀогӀа лаьттар ву. 10Шарахь а сов даъал хир ду шун ялта, керла ялта чуэцча, шираниг дӀакхуссур ду аша. 11Сайн Ӏаш йолу меттиг шуна юкъахь дӀахӀоттор ю Ас, шух дӀавоьрзур вац Со. 12 bШуна юкъахь лелаш, шун Дела хир ву Со, ткъа шу Сан халкъ хир ду. 13Шу, леш а хилла, ца дитархьама, Мисар-махкара арадаьхна волу шун Веза Дела ву Со. Шуна тӀехь хилла лоллин дукъ а кагдина, кхечу къаьмнашна муьтӀахь хиллачуьра Аса шу паргӀатдехира».
Copyright information for
CheCAC2012