Leviticus 27:30-33
30 aЛаьттах схьадаьллачу ялтин а, дитташ тӀехь кхиъначу стоьмийн а уьтталгӀа дакъа Везачу Элан ду. Иза Везачу Элан долахь бен дац. 31УьтталгӀа дакъа юхаэца лууш волчо цуьнан механ пхоьалгӀа дакъа тӀетоха деза. 32Доккхачу а, кегийчу а даьхних дерриге а уьтталгӀа дакъа Везачу Элан долахь ду. Ӏуьнан коьжалгана кӀел лелачу даьхних хӀора уьтталгӀаниг Везачу Элана дӀакъастийна хила деза. 33Вон я дика ду хьоьжуш, къесто мегар дац луш дерг, хийца а мегар дац иза. Нагахь цхьаммо иза хийцахь, хуьйцуш долу ший а дийнат Везачу Элана дӀакъастийна хир ду, тӀаккха иза юхаэца йиш яц“».
Copyright information for
CheCAC2012