‏ Leviticus 3:1-11

Бертан сагӀанаш

1«Нагахь цхьаммо, бертан сагӀа доккхуш, доккха бежана даладахь, бен а дац иза боьрша я стен хилар, – Везачу Элана леринарг цхьа а айп доцу бежана хила деза. 2Шен куьг бежанан коьрта тӀе а диллина, гуламан четарна чуволлучохь цунна урс хьакха деза сагӀа доккхучо. Динан дай болчу АхӀаронан кӀенташа сагӀа доккхучу кхерчан массо а агӀонна тӀе цӀий тоха деза. 3Цу бертан сагӀанах цхьадолу дакъош Везачу Элана, дагоран сагӀа санна, даха деза: чухулара а, чоконна тӀера а ерриг а мохь, 4ший жим а, царна тӀера юкъа тӀехь йолу мохь а, доӀаха тӀера мохь а (иза жаннашца цхьаьна яккха еза). 5АхӀаронан кӀенташа цӀерана тӀе техкинчу дечигашна тӀехь долчу дийнаташ дагоран сагӀанца цхьаьна ягор ю уьш кхерча тӀехь. Цу сагӀин хьожа Везачу Элана тамехь ю.

6Нагахь стаг Везачу Элана лерина кегийрачу дийнатех бертан сагӀа доккхуш велахь, цхьа а айп доцу боьрша я стен дийнат дала деза цо. 7Нагахь сагӀина балийнарг уьстагӀ белахь, иза Везачу Элана хьалха хӀотто беза. 8Дийнатан коьрта тӀе куьг а диллина, гуламан четарна хьалха цунна урс хьакха деза. АхӀаронан кӀенташа сагӀа доккхучу кхерчан массо а агӀонна тӀе цуьнан цӀий тоха деза. 9Цу бертан сагӀанах цхьадолу дакъош Везачу Элана, дагоран сагӀа санна, даха деза: мохь а, букъан даьӀахка тӀекхаччалц схьахадийна болу дума а, чухулара а, чоконна тӀера а мохь, 10ший жим а, царна тӀера юкъа тӀехь йолу мохь а, доӀаха тӀера мохь а (иза жаннашца цхьаьна яккха еза). 11Динан дас сагӀа доккхучу кхерча тӀехь яго еза уьш. Иза Везачу Элана лерина цӀера тӀехь даьккхина кхачанан сагӀа ду.
Copyright information for CheCAC2012