Leviticus 6:1-7
1 aВезачу Эло Мусага элира: 2«Цхьаммо, Везачу Элана хьалха цатешаме а хуьлуш, къа лато тарло. Масала, цунах тешна цхьа хӀума йитина я цхьана ханна дӀаелла хилла, ткъа цунах лаьцна цуьнан уллораниг Ӏехо тарло цо. Я, масала, цхьа хӀума шен уллорачух лачкъийна цо. Я цхьаъ леван тарло цо. 3Я цхьа хӀума а карийна, иза къайладаккха тарло цо. Я муьлххачу а шегара даьллачу къинах цо харцдуй баа тарло, цу бахьанина къа а латош. 4Оцу тайпана къа а латийна, бехке волчу стага ша лачкъийнарг, я схьадаьккхинарг, я шега делларг, я шена карийнарг, 5я шех лаьцна харцдуй биъна хӀума юхадала деза. ДогӀург дерриг дӀа а делла, цу тӀе пхоьалгӀа дакъа тоха деза цо. ГӀуда такхаран сагӀа доккхучу дийнахь цу хӀуманан дега дӀадала деза цо иза. 6Шен бехк хиларна цу стага Везачу Элана лерина гӀуда такхаран сагӀа даккха деза. Динан да волчу цхьа а сакхт доцу а, богӀучу мехах болу а ка бало беза цо. 7Иштта Везачу Элана хьалха динан дас цу стага латийна къа дӀадоккхур ду, тӀаккха Дала цуьнгара девллачу дерриге а къиношна гечдийр ду цунна».
Copyright information for
CheCAC2012