‏ Leviticus 7:30-34

30Шен куьйгашца цӀера тӀехь доккху сагӀа схьадан деза цо. Шатайпа сагӀа санна
Шатайпа сагӀа – и сагӀа Везачу Элана хьалха дӀасадего дезаш дара, иза Цунна шатайпа совгӀат хиларан билгало йолуш санна.
, Везачу Элана хьалха дахьа деза цо махьарца долу некха тӀера жижиг.
31Мохь динан дас кхерча тӀехь ягор ю, ткъа некха тӀера жижиг АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а дуьсур ду. 32Бертан сагӀанах долу дийнатан аьтту гӀогӀ совгӀатна динан дена дӀадала деза. 33АхӀаронан кӀентех бертан сагӀа, цӀий а даьккхина, мохь а ягийна, кхочушдинчунна дӀадала деза аьтту гӀогӀ. 34ХӀунда аьлча Ас исраилхошкара бертан сагӀанах шатайпа сагӀина луш долу некхан жижиг а, совгӀатна луш долу аьтту гӀогӀ а, схьа а эцна, АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а дӀаделла. Исраилан халкъо гуттар а иза динан дайшна дӀадала дезаш ду.
Copyright information for CheCAC2012