Leviticus 8
АхӀарон а, цуьнан кӀентий а къобалбар
(Арадаккхар 29:1-37)
1Везачу Эло Мусага элира: 2«АхӀарон а, цуьнан кӀентий а схьабалабе, царна тӀеюху еза бедарш а, къобалваран даьтта а схьаэца, къинан сагӀа даккха старгӀа а, ши ка а балабе, цхьа тускар совсаза бепиг а да, 3гуламан четарна чуволлучохь дерриг а халкъ схьа а гулде». 4Везачу Эло тӀе-ма-диллара, гӀуллакх кхочушдира Мусас. Халкъ гуламан четарна чуволлучохь схьагулделира. 5Мусас элира нахе: «ХӀара ду Везачу Эло кхочушдан тӀедиллинарг». 6АхӀарон а, цуьнан кӀентий а, схьа а балийна, хица лийчийра Мусас. 7АхӀаронна тӀе коч а юьйхина, юкъах доьхка а дихкина, тӀехула оба юьйхира Мусас, юха тӀе ийпад а юьйхина, юкъах ийпадан доьхка а дихкира, цуьнца АхӀаронна тӀехь ийпад а чӀагӀйира цо. 8Цунна тӀе некха хьалха уллуш болу беза тӀоьрмаг а оьллина, цу чу Урим а, Тумим а цӀераш йолу ши тӀулг биллира Мусас. 9АхӀаронан коьрта тӀе чалба а тиллина, чалбанна хьалха агӀор иза Везачу Элана лерина ву аьлла таж долу дашо экъа оьллира, Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара. 10Къобалдаран даьттанах цхьа дакъа схьа а эцна, иза четарна а, цу чохь долчунна а тӀе а доьттина, и дерриг а къобалдира Мусас. 11ВорхӀазза сагӀа доккхучу кхерча тӀе даьтта а тоьхна, кхерчана а, цуьнан гӀирсашна а, юьхь-куьгдуьлургана а, цуьнан буьхана а тӀе даьтта доьттира уьш къобалъян. 12АхӀаронан коьрта тӀе даьтта доьттира Мусас, иза къобалвархьама. 13АхӀаронан кӀентий схьа а балийна, царна тӀе кучамаш а юьйхина, юкъах доьхкарш а дихкина, кортош тӀе кӀадинан асанаш йихкира Мусас, Везачу Эло шена тӀе-ма-диллара. 14Къинан сагӀина лерина старгӀа схьаялийра Мусас. Юха АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а старгӀин коьрта тӀе куьйгаш дехкира. 15СтаргӀина урс а хьаькхна, шен пӀелгаца схьаэцна цӀий кхерчан маӀех хьаькхира Мусас. Иштта кхерч къинойх цӀанбира цо. Юха, дисина цӀий кхерчан буха тӀе охьа а доьттина, кхерч къобалбира цо, иза Далла хьалха цӀена хилийта. 16Бежанна чуьра ерриг мохь а, доӀаха тӀера мохь а, шайн махьарца ший жим а, схьа а эцна, кхерча тӀехь багийра Мусас. 17Ткъа старгӀанах йиснарг – цуьнан неӀ а, жижиг а, боьхаллаш а – меттаматтал арахьа а яьхна, цӀера тӀехь ягийра цо, Везачу Эло шена тӀе-ма-диллара. 18Дийнаташ дагоран сагӀина ка схьабалийра Мусас. АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а коьман коьрта тӀе куьйгаш дехкира. 19Коьмана урс а хьаькхна, цуьнан цӀий массо а агӀор сагӀа доккхучу кхерчана тӀе туьйхира Мусас. 20– 21Ка дакъошка бекъа а бекъна, чоко а, когаш а хица била а билина, берриг а ка – корта а, дакъош а, мохь а – кхерча тӀехь, дийнат дагоран сагӀа санна, багийра Мусас. Везачу Элана тамехь долу, цӀера тӀехь даьккхина сагӀа дара иза, Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара. 22Мусас кхин ка схьабалийра, иза АхӀарон вазварна лерина бара. АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а коьман коьрта тӀе куьйгаш дехкира. 23Коьмана урс а хьаькхна, цуьнан цӀий, жимма схьаэцна, АхӀаронан аьтту лерган дума тӀе а, аьтту куьйган нана-пӀелга тӀе а, аьтту коган нана-пӀелга тӀе а хьаькхира Мусас. 24АхӀаронан кӀентий тӀе а балийна, церан массеран а аьтту лерган дума тӀе а, аьтту куьйган нана-пӀелга тӀе а, аьтту коган нана-пӀелга тӀе а цӀий хьаькхира Мусас. Кхерчана массо а агӀор дисна цӀий туьйхира цо. 25Мохь а, дума а, чоконна тӀера ерриг мохь а, доӀаха тӀера мохь а, шайн махьарца ший жим а, аьтту гӀогӀ а схьаийцира Мусас. 26Везачу Элана хьалха хӀоттийначу, совсаза бепиг чохь долчу тускар чуьра совсаза цхьа бепиг а, зайтдаьтта тоьхначу демах дина совсаза цхьа бепиг а, зайтдаьтта тӀехьаькхна буткъа совсаза цхьа хьокхам а, схьа а эцна, махьарна а, аьтту гӀогӀана а тӀе диллира Мусас. 27АхӀаронан а, цуьнан кӀентийн а куьйгашна тӀе а дехкина, цаьрга и дакъош, Везачу Элана лерина шатайпа сагӀа санна, хьалаайийтира цо. 28Юха, церан карара уьш схьа а эцна, кхерча тӀехь дийнаташ дагоран сагӀанца дагийра цо. Иза Везачу Элана лерина, цӀера тӀехь даьккхина, вазваран сагӀа ду, цуьнан хьожа Цунна тамехь ю. 29Некхан жижиг, схьа а эцна, Везачу Элана лерина шатайпа сагӀа санна хьалаайира Мусас. АхӀарон вазваран сагӀина леринчу коьмах долу Мусан дакъа дара иза, Везачу Эло цунна тӀе-ма-диллара. 30Къобалдаран даьтта а, кхерча тӀера цӀий а, жимма схьа а эцна, АхӀаронна а, цуьнан бедаршна а, АхӀаронан кӀенташна а, церан бедаршна а тӀе туьйхира Мусас. Иштта АхӀарон а, цуьнан кӀентий а, церан бедарш а къобалйира цо. 31АхӀароне а, цуьнан кӀенташка а Мусас элира: «Гуламан четарна чуволлучохь жижиг а кхехкадай, цуьнца цхьаьна къобалдарна леринчу тускарна чуьра бепиг даа, суна тӀедиллина ма-хиллара: „АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а даа деза иза“. 32Жижигах а, баьпках а бухайисина юьхкаш цӀера тӀехь ягае. 33ВорхӀ дийнахь гуламан четарна хьалхара дӀа ма довла, шаьш даздаран денош чекхдовллалц, хӀунда аьлча шун даздар ворхӀ дийнахь дӀадахьа деза. 34Тахана кхочушдинарг Везачу Эло тӀедиллина дара, аша латийна къа дӀадаккхархьама. 35Дийнахь а, буса а гуламан четарна чуволлучохь Ӏийр ду шу ворхӀ дийнахь, Везачу Эло бохург а деш, шаьш хӀаллак ца хилийта. Иштта иза тӀедиллина суна Везачу Эло». 36АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а Везачу Эло Мусагахула тӀедиллинарг кхочушдира.
Copyright information for
CheCAC2012