‏ Luke 1:46-55

Марема Далла хастам бар

46ТӀаккха Марема элира: «Сан даго къобалво Веза Эла,
47Цунна со кӀелхьарйоккхучу Далла доккхадеш ду иза,
48 aхӀунда аьлча Цуьнан лай йолчу сан кӀезиг хиларан тидам бина Цо!
ХӀинца массо а тӀаьхьенаша сох декъалниг эр ду,
49хӀунда аьлча Нуьцкъалчо суна
сийлахь гӀуллакхаш дина дела.
Цуьнан цӀе еза ю!
50Цуьнан къинхетам тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашка
Цунах кхоьручарах бу!
51Шен нуьцкъалчу куьйгаца Цо сийлахь гӀуллакхаш кхочушдина,
Цо, баржийна, дӀасабаьхна шайн дегнашкахь курабевлларш,
52 bпаччахьаш шайн гӀанташкара биссийна,
ткъа миска нах Цо айина.
53Цо мецанаш дикачу кхачанах бузийна,
хьалдерш хӀума ца луш дӀабахийтина.
54 55 cЦо гӀо дина шен ялхочунна, Исраилан халкъана.
Цуьнан дагахь дара ИбрахӀимна а,
цуьнан тӀаьхьенна а гуттаренна а къинхетам бан,
вайн дайшка Цо ма-аллара».
Copyright information for CheCAC2012