‏ Luke 11:14-23

Ӏийса а, БаӀал-Зебула а

(Маттай 12:22-30; Марк 3:20-27)

14Цкъа Ӏийсас стеган мотт сацош долу жин эккхийра. Жин арадаьлча, стаг къамел дан хӀоьттира. Юххехь лаьттарш чӀогӀа цецбевллера. 15 aЦхьаболчара бохура: «Жинийн эла волчу БаӀал-Зебулин олаллица жинаш лохку Цо адамашна чуьра».

16 bТкъа вукхара Ӏийса зерхьама дехар дира, стигалара цхьа тамашийна билгало гайта шайна аьлла. 17Амма церан ойланаш хуучу Ӏийсас элира: «Муьлхха а екъаелла йолу пачхьалкх хӀаллакьхила хьаьхна ю. Ткъа юкъахь барт боцу доьзал бухур бу. 18Нагахь иблис шена гонах болчаьрца бертахь дацахь, муха лаьттар ду цуьнан олалла? Ас и шуьга боху, БаӀал-Зебулан ницкъаца Ас жинаш дӀадоху бохуш, аш кхайкхадо дела. 19Нагахь Ас, аша ма-баххара, жинаш БаӀал-Зебулин гӀоьнца дӀалохкуш хилча, шун наха хьенан ницкъаца лохку уьш? Уьш шун кхелахой хир бу! 20Ас Делан ницкъаца лохку жинаш, ткъа иза Делан Олалла шуна схьакхаьчна хиларан билгало ю.

21Нагахь шен цӀа лардеш волу стаг онда а, герзаца а велахь, цуьнан бахамна кхераме хӀумма а дац. 22Амма нагахь, цул онданиг тӀе а летта, и эшавахь, хӀусамден бӀобулуш хилла долу герз схьа а даьккхина, бахам дӀахьур бу.

23 cСоьца воцург Суна дуьхьал ву. Соьца нах схьагулбеш воцург уьш дӀасабекъаболуьйтуш ву».
Copyright information for CheCAC2012