‏ Luke 11:29-32

Тамашийна хӀума гайтар тӀедиллар

(Маттай 12:38-42)

29 aДукха адам дара Ӏийсана гонах гулделла, тӀетеӀаш. Иза дийца волавелира: «Телхина ю хӀинцалера тӀаьхье. Цо доьху тамашийна билгало гайта бохуш, амма царна цхьа а билгало гур яц, Юнус-пайхамарехула гайтинарг йоцург. 30 bНунав-гӀалара бахархошна Юнус-пайхамар санна, хӀинцалерчу тӀаьхьенна Адамийн КӀант а билгало хилла дӀахӀуттур ву.

31 cКъилбехьарчу зуда-паччахьо, хӀокху тӀаьхьенца ден а елла, Дала кхел ечу дийнахь и нах бехке бийр бу, хӀунда аьлча иза цхьана дуьненан маьӀӀера йогӀура Сулим-паччахьан хьекъале къамеле ладогӀа. Ткъа кхузахь Верг Сулим-паччахьал веза ву. 32 dКъематан дийнахь Нунав-гӀалара бахархоша, беллачуьра ден а белла, уьш бехке бийр бу, хӀунда аьлча уьш Юнуса бина хаам бахьана долуш дохкобевлла, ткъа шуна хьалха Верг Юнусал лакхара ву».
Copyright information for CheCAC2012