‏ Luke 12:22-31

Делах тешар

(Маттай 6:25-34)

22ТӀаккха Ӏийсас элира Шен мурдашка: «Цундела боху Ас шуьга, шайн дахаран дуьхьа юучунна са ма гатде, шайн дегӀан дуьхьа духарна са ма гатде. 23ХӀунда аьлча юучул деза дахар ду, духарал деза дегӀ ду. 24ДӀахьовсал къийгашка: я дуьйш яц, я хьокхуш яц, церан сайранаш а, я ялта чудерзо меттиг а яц, амма Дала кхобу уьш. Ткъа шу оцу олхазарел мел мехала ду! 25Сагатдарца шайн дахар цхьана сахьтана хьаьнга дахдалийталур дара шуьга? 26Оццул кӀезигниг а далуш ца хилча, кхечунна стенна сагатдо аш? 27 aОйла ел, муха кхуьуш ду петӀамат-зезагаш: уьш къахьоьгуш дац я бедарш тега кӀадеш еш дац, амма Ас боху шуьга, ур-атталла шен хьолан возаллехь Сулим-паччахь а ца кечлора цу зезагех муьлхха а санна. 28Нагахь тахана тӀедолу, ткъа кхана пешахь догу долу арара зезагаш а Дала иштта хаза кечдеш хилча, шаьш мел хаза кечдийр ду аьлла хета шуна, Делах кӀезиг тешаш дерш?!

29Цундела ма леха яа а, мала а шайна хӀун хир ю – цунна са ма гатде. 30Цу дерригенна а сагатдо оцу дуьненан кхечу къаьмнех болчу наха. Ткъа шун шайн Да ву, шуна мел оьшург хаа а хууш. 31Уггар хьалха Делан Олалла лаха, важа дерриг а Дала шуна лур ду».
Copyright information for CheCAC2012