‏ Luke 12:33-36

33Шайн бахамаш дӀа а бухкуш, мискачарна сагӀа ло. Лелийча тишлур доцу бохчанаш кечде шайна, лахлур йоцу хазна гулъе стигалахь: цигахь цунна тӀе къу а кхочур вац, нецано иза юур а яц. 34Шун хазна йолччохь, шун дог а хир ду».

Сема ялхой

35 a«Юкъ а ехкий, гуттар а гӀуллакх дан кийча хила, шайн стогарш а латийна хилийта, 36 bзуда ялийначу сакъера ваханчуьра шайн хӀусамда цӀа варе хьоьжучу ялхойн санна. ХӀусамдас, цӀа а веана, неӀ тоьхча, цунна иза оцу сохьта дӀаелла кийчча хир бу уьш.
Copyright information for CheCAC2012