Luke 12:41-48
Тешаме а, тешам боцу а ялхо
(Маттай 24:45-51)
41ТӀаккха Кипас хаьттира: «Эла! Иза тхуна я массарна а дуьйцу Ахь?» – аьлла. 42Везачу Эло жоп делира: «Ас дуьйцур ду шуна тешаме а, хьекъале а урхалхо мила ву цӀа чохь: иза, хӀусамдас вукху ялхошна тӀехь куьйгалла дан а хӀоттийна, царна шен хеннахь юург луш верг ву. 43Декъала ву иза, шена тӀедиллина гӀуллакх деш а волуш, цуьнан хӀусамда цӀа кхаьчча. 44Бакъдерг боху шуьга: хӀусамдас иза берриг шен бахамна тӀехь куьйгалхо хӀоттор ву. 45Амма, масала, и ялхо: „Сан хӀусамда кеста цӀа вогӀий ца хаьа“, – аьлла, ойла а йина, кхечу ялхошна етта а йиттина, дууш, ваххалц молуш Ӏийр ву. 46Цунна дагахь а доцучу, иза цӀа варе ца хьоьжучу хенахь, хӀусамда цӀа кхочур ву. ХӀусамдас иштта ялхо, тур тоьхна, шина декъе воькъур ву, Делах ца тешачу нехан дакъа цунна кхочуьйтур ду. 47Шен хӀусамден лаам а хууш, цо бохург дан а ца динчу, дан а ца гӀиртинчу ялхочунна чӀогӀа еттар ю, 48ткъа ларамаза гӀалат даьллачунна кӀезиг таӀзар дийр ду. Дуккха а кхаьчначуьнгара дуккха а хоттур ду, дуккха а хӀума шех тешна дитинчунна тӀехь доккха декхар ду».
Copyright information for
CheCAC2012