Luke 14:15-24
Доккхачу тойнах лаьцна хьекъале дийцар
(Маттай 22:1-10)
15И хӀума хезча, чохь болчех цхьаммо элира: «Декъала ву Делан Олалла тӀелаьцначарна юкъахь кхачанах кхеттарг!» 16ТӀаккха Ӏийсас дийцира: «Цхьана стага доккха той а хӀоттийна, дуккха а хьеший кхайкхина. 17Той дӀадоло хан тӀекхаьчча, шен ялхо вахийтина цо шуьне кхайкхинчаьрга дӀаала: „Схьадуьйла, дерриг а кийча ду“, – аьлла. 18Амма хьеший, цхьаъ санна, бехказа бийла хӀиттина. Хьалхарчо аьлла: „Ас латта эцна, вахана цуьнга хьажа дезаш ву со, доьху хьоьга, къинтӀера валахь суна“. 19ШолгӀачо аьлла: „Ас пхи шуьста эцна, и стерчий дӀа а доьжна, мега ца мега хьажа воллура со. Суна къинтӀера валахь“, – аьлла. 20КхозлагӀчо аьлла: „Ас зуда ялийна, цундела вогӀийла дац сан“, – аьлла. 21Вухавеанчу ялхочо хӀусамдега и дерриг дӀааьлла. ТӀаккха оьгӀазваханчу хӀусамдас шен ялхочуьнга буьйр дина: „Хьада, чехкка гӀалин урамашкахула а, майданашкахула а чекхвалий, схьабалабе кхуза къенаш, заьӀапнаш, бӀаьрзенаш, астагӀнаш“. 22Юха а веана, ялхочо аьлла: „ХӀусамда! Ахь ма-аллара, дерриг а ас кхочушдина, амма кхин а меттиг ю цӀа чохь“. 23ТӀаккха хӀусамдас юха а тӀедожийна ялхочунна: „Ваха а гӀой, гӀалара аравалий, новкъахь а, керташкахь а гинарг схьавалаве, сан цӀа хьешех дуьззина хилийта. 24Амма, ас боху шуьга, хьалха кхайкхинчех цхьаъ хир вац сан тойнехь“».
Copyright information for
CheCAC2012