‏ Luke 18:10-14

10«Ши стаг вахана Делан цӀа чу доӀа дан: цхьаъ – парушхо, важа – ял гулъеш верг. 11Парушхочо, дӀа а хӀоьттина, доӀа деш хилла: „Дела! Хастам бу Хьуна, талорхой, харцончаш, нахаца леларш я хӀара ял гулъеш верг санна со ца хиларна. 12КӀирнах шозза марха а кхобу ас, сайн тӀедогӀучу хьолах уьтталгӀа дакъа нахана сагӀина а ло ас“, – бохуш. 13Гено лаьтташ вара ял гулъеш верг. Стигала ши бӀаьрг хьала хьажо а ца ваьхьаш, шен некха тӀе буй а бетташ, бохура цо: „Дела! Къинхетам бехьа сох, къинош летийначу стагах“, – бохуш. 14 aБилггала боху шуьга, цу шиннах геч а дина цӀа ваханарг ял гулъеш верг ву. ХӀунда аьлча хӀора ша лакхара хеташ верг, лах а вина, кӀезиг хетар ву, ткъа ша кӀезиг хеташ верг лакхаваьккхина хир ву».
Copyright information for CheCAC2012