aАрадаккхар 20:14; Карлабаьккхинарг 5:18; Арадаккхар 20:13; Карлабаьккхинарг 5:17; Арадаккхар 20:15; Карлабаьккхинарг 5:19; Арадаккхар 20:16; Карлабаьккхинарг 5:20; Арадаккхар 20:12; Карлабаьккхинарг 5:16.
Luke 18:18-30
Хьалдолу хьаькам
(Маттай 19:16-30; Марк 10:17-31)
18Цхьана хьаькамо хаьттира Ӏийсага: «Дика Устаз! Ас хӀун дан деза Дела волчохь цкъа а чекхдер доцу дахар кхачийтархьама?» 19«Сох „дика“хӀунда олу ахь? – хаьттира Ӏийсас. – Цхьа а вац дика, цхьа Дела воцург. 20 aДала тӀедехкина гӀуллакхаш хьуна хууш ма ду: „Нахаца ма лела, адам ма де, къола ма де, харц тоьшалла ма де, дай-наний лара“?» 21«Беран хенахь дуьйна и дерриг кхочушдеш схьавогӀуш ву со», – аьлла хьаькамо. 22И хезча, Ӏийсас элира: «Кхин цхьа хӀума дан деза ахь: хьайн долахь дерг дерриг дӀа а дохкий, къечарна дӀасадекъа, тӀаккха стигалахь жовхӀар хир ду хьан. Цул тӀаьхьа, схьа а волий, Суна тӀаьхьахӀотта». 23Хьаькам гӀайгӀане вуьйжира и хезча, хӀунда аьлча иза чӀогӀа хьал долуш стаг вара. 24Ӏийсас, цуьнга хьаьжча, иза гӀайгӀане вожар а гина, элира: «Мел хала ду хьал долчу стагана Делан Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь хила. 25Эмкална механ Ӏуьргахула чекхъяла атта ду, хьал долчу стагана Делан Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь хуьлучул». 26И дерриг хезначара хаьттира: «КӀелхьара мила ваккхалур ву ткъа?» 27Ӏийсас жоп делира: «Адамашка ца далун дерг Деле далур ду». 28ТӀаккха Кипас элира: «Тхо ду-кх, дерриг а дитина, Хьуна тӀаьхьахӀиттинарш». 29Ӏийсас элира: «Билггала боху шуьга: Делан Олалла кхайкхоран дуьхьа шен цӀа а, да-нана а, зуда а, бераш а, йиша-ваша а дитинчунна 30хӀинца а алссам дерг хир ду, ткъа тӀейогӀу йолчу заман чохь Делаца долу цкъа а чекхдер доцу дахар а хир ду».
Copyright information for
CheCAC2012