Luke 18:35-43
Ерихон-гӀали уллохь бӀаьрзе сагӀадоьхург туовар
(Маттай 20:29-34; Марк 10:46-52)
35Ӏийса Ерихон-гӀали улло кхочучу хенахь, некъа йистехь сагӀа доьхуш Ӏара цхьа бӀаьрзе стаг. 36Уллохула тӀехдовлучу адамийн гӀовгӀа а хезна, цо хаьттира: «И хӀун ду?» – аьлла. 37Цунна жоп делира: «Назартера Ӏийса ву и тӀехволуш верг», – аьлла. 38ТӀаккха бӀаьрзечо мохь хьаькхира: «Даудан кӀант Ӏийса! Къинхетам бехьа сох!» – аьлла. 39Хьалха богӀучу наха чехавора иза, гӀовгӀа ма е бохуш. Амма цо кхин а чӀогӀа мохь беттара: «Даудан кӀант! Къинхетам бехьа сох!» – бохуш. 40Ӏийсас, саца а сецна, и стаг Шена тӀевалавайтира. Иза тӀекхаьчча, хаьттира цуьнга: 41«Соьгара хӀун оьшу хьуна?» – аьлла. БӀаьрзечо дийхира: «Эла! Са гуш хила лаьара суна», – аьлла. 42Ӏийсас элира цуьнга: «Са гуш хила хьайна! Хьан тешаро кӀелхьарваьккхи хьо». 43Цу сохьта бӀаьрзечун са схьадеара. Иза Ӏийсана тӀаьхьа вахара, Далла хастамаш а беш. И дерриг гина нах даггара Далла хастамаш бан хӀиттира.
Copyright information for
CheCAC2012