Luke 19:11-27
Итт дашо ахчанах лаьцна хьекъале дийцар
(Маттай 25:14-30)
11ЛадугӀучарна Ӏийсас цхьа хьекъале хӀума дийцира. Иза Ярушалаймана уллохь волу дела, халкъана моттаделира Делан Олалла хӀинццехь гучудаьлла хир ду. 12Ӏийсас дийца долийра: «Паччахьан цӀийнах волу цхьа стаг хилла генарчу махка ваха араволуш, цу махкахь шен паччахьан бакъонаш чӀагӀ а йина, вухаверзархьама. 13Ша дӀавахале, шен ялхой схьа а кхайкхина, цаьрга итт дашо ахча а делла, аьлла цо: „Со вухавале, хӀара ахча пайда хуьлучу гӀуллакхна хьажаде“. 14Амма оцу махкарчу нахана ца везара и стаг. Цара цунна тӀаьххье хьадалчаш бахийтира, шайн лаам дӀахаийта: „Тхуна ца лаьа и стаг тхайн паччахь хила“, – аьлла. 15Паччахь а хилла, ша вухавеача, цу стага схьакхайкхийтира шен ялхошка. Цаьрга, шен ахчанах хӀун пайда хилла аьлла, хаьттира цо. 16Хьалхарчу ялхочо, ван а веана, элира: „Эла! Хьан цхьана дашо ахчано итт дашо ахча пайда бина“, – аьлла. 17ХӀусамдас аьлла цуьнга: „Дика ду, хьо дика ялхо ву. Хьо кӀезигчу хӀуманна тӀехь тешаме хиларна, хьан куьйгалла кӀел итт гӀала ло ас“. 18ШолгӀачо аьлла: „Эла! Хьан цхьана дашо ахчано пхи дашо ахча пайда бина“. 19„Хьо пхеа гӀалина тӀехь куьйгалла дан хӀоттаво ас“, – аьлла цуьнга паччахьо. 20– 21Схьавеана, кхозлагӀчо аьлла: „Эла! ХӀара ду хьан дашо ахча, со хьох кхоьру дела, йовлакха юкъахь Ӏалашдинера ас иза, хӀунда аьлча хьо къиза стаг ву: айхьа дӀа ца йиллинчуьра хӀума схьаоьцу ахь, айхьа дӀа ца дийначуьра ялта хьокху ахь“, – аьлла. 22Паччахьо элира цуьнга: „Айхьа-хьайна кхел йи ахь, мекара ялхо! Хьуна хаьара со къиза стаг вуйла: айса дӀа ца йиллинчуьра хӀума схьаоьцуш а, айса дӀа ца дийначуьра ялта хьокхуш а. 23Со цӀа вале оцу ахчанах суна пайда хӀунда ца бира ахь, тӀе са а йоккхуш иза юхалург делла а?“– аьлла. 24ТӀаккха уллохь лаьттачаьрга элира цо: „Схьаэца цуьнгара дашо ахча, дӀало иза итт дашо ахча пайда бинчунна“, – аьлла. 25Ялхоша элира: „Эла! Цуьнгахь итт дашо ахча долуш ма ду“, – аьлла. 26 aПаччахьо жоп делира: „Ас боху шуьга: долчунна кхин а тӀелур ду, ткъа доцучуьнгара цуьнан данне а доцург а дӀадоккхур ду. 27 bТкъа аса шайна тӀехь паччахьалла дан ца лууш хилла болу сан мостагӀий, схьа а балабай, хӀокху меттехь, суна хьалхахь байа“, – аьлла».
Copyright information for
CheCAC2012