aЗабур 117:26.
Luke 19:28-40
Ӏийса декъалварца Ярушалайма чувар
(Маттай 21:1-11; Марк 11:1-11; Яхьъя 12:12-19)
28Шен дийцар чекх а даьккхина, Ярушалайме боьдучу новкъахула мурдашна хьалхаваьлла вахара Ӏийса. 29Зайт-диттийн ломан басенашкахь Ӏохкуш йолу Бет-Паг а, Бет-ХӀина а гӀаланашна тӀекхочуш, Шен мурдех шиъ вахийтира Цо, царна тӀе декхар а диллина: 30«Шайна хьалха лаьттачу юьрта дӀагӀо. Шу юьрта чу довллушехь, цхьа а стаг тӀе а хааза, дӀайихкина къона вир карор ю шуна, схьа а ястий, иза кхуза схьаялае. 31Цхьамма шайга хаттахь: „Схьа хӀунда йосту аш иза?“– аьлла, „Элана оьшу хӀара“, – эр ду аш». 32ДӀабаханчу мурдашна, Ӏийсас ма-аллара, карийра дерриг а. 33Цара вир схьайостучу хенахь, хӀусамдайша хаьттира: «Вир схьа хӀунда йосту аш?» – аьлла. 34Кхара жоп делира: «ХӀара Элана оьшу», – аьлла. 35Мурдаша, вир схьа а ялийна, цунна тӀе шайн тӀехулара бедар а кхоьссина, Ӏийса тӀехаийра. 36Иза новкъа вогӀуш, цара шайн бедарш Цунна хьалха некъа тӀе охьатуьйсура. 37Зайт-диттийн лам тӀера некъ охьабоьрзучу меттехь берриг мурдаш самукъадаларца, мохь туххуш Далла хастамаш бан буьйлабелира, шайна мел гина тамашийна гӀуллакхаш бахьана долуш: 38 a«Декъала ву Везачу Элан цӀарах вогӀуш волу Паччахь! Стигалахь барт бу, лакхахь хастам бу!» – бохуш. 39Нахана юкъара цхьаболчу парушхоша элира Ӏийсага: «Устаз! Совцабе Хьайн мурдаш!» – аьлла. 40Цо жоп делира царна: «Билггала боху шуьга: нагахь уьш совцахь, тӀулгаша а маьхьарий деттар ду».
Copyright information for
CheCAC2012