Luke 19:45-48
Делан цӀийнан керт цӀанъяр
(Маттай 21:12-17; Марк 11:15-19; Яхьъя 2:13-22)
45Делан цӀийнан керта а веана, цигара мах беш болу нах дӀалахка волавелира Ӏийса. 46 a«Яздина ду, – бохура Цо цаьрга, – „Сан цӀа доӀанаш ден цӀа олуш хир ду“, – аьлла, ткъа аш кхунах зуламхойн бен бина». 47 bӀийсас хӀора дийнахь Делан цӀийнан кертахь хьоьхура. Динан коьрта дай а, Ӏелам нах а, баккхий нах а Ӏийса хӀаллакван лууш бара. 48Амма церан аьтто ца болура, хӀунда аьлча дерриг адам гуттар а Цуьнца дара, хӀора Цуьнан даше ладугӀуш.
Copyright information for
CheCAC2012