‏ Luke 20:1-8

Ӏийсан олалла шеконе диллар

(Маттай 21:23-27; Марк 11:27-33)

1ТӀаьхьо, Ӏийса Делан цӀийнан кертахь хаза кхаъ кхайкхош волуш, Цунна тӀебаьхкира динан коьрта дай а, Ӏелам нах а, баккхий нах а. 2«Муьлхачу бакъонца ду Ахь деш дерг? Хьан елла Хьуна и бакъо?» – аьлла, хаьттира цара.

3Ӏийсас жоп делира: «ХӀинца Аса а дийр дара шуьга цхьа хаттар: 4Яхьъяна хих нах чекхбаха елла бакъо стигалара яра я адамашкара яра?»

5ТӀебаьхкинарш вовшийн барт бан хӀиттира: «Нагахь вай: „Стигалара яра“, алахь, Цо хоттур ду: „Цунах хӀунда ца тийшира шу?“– аьлла. 6Амма нагахь: „Адамашкара яра“, – алахь, наха вайна тӀулгаш кхуьссур ду, хӀунда аьлча уьш тешна бу Яхьъя пайхамар хиларх». 7Цара жоп делира: «Ца хаьа тхуна», – аьлла.

8Ӏийсас элира: «ТӀаккха Ас а эр дац шуьга, муьлхачу бакъонца деш ду Айса деш дерг».
Copyright information for CheCAC2012