‏ Luke 20:27-40

Денваларх лаьцна

(Маттай 22:23-33; Марк 12:18-27)

27 aӀийсана тӀе садукъой баьхкира. Уьш ца тешара велла стаг денваларх. Цара хаьттира Цуьнга: 28 b«Устаз! Муса-пайхамаро яздина вайна, нагахь стаг велча, цуьнан зуда доьзалхо воцуш йисахь, веллачун вашас и зуда яло еза шен вешин тӀаьхье меттахӀотто. 29ВорхӀ ваша хилла. Хьалхарчо зуда ялийна, амма и лечу хенахь доьзалхо ца хилла цуьнан. 30Иштта хилла шолгӀачу вешина а. 31КхозлагӀчо ялийна иза, иштта ворхӀе а велла уьш, цхьа а бер доцуш. 32Эххар и зуда а елла. 33Масала, уьш денбелча, хьенан зуда хир ю иза, ворхӀангахь а иза марехь хилла хилча?»

34Ӏийсас жоп делира: «Кху дуьнен чохь зударий а балабо, маре а боьлху. 35ТӀейогӀучу хенахь беллачуьра денбала хьакъ берш зударий балош я маре боьлхуш хир бац. 36Деллачуьра ден а делла, уьш Делан бераш ду. Маликех тарделла, уьш кхин лийр дац. 37 cТкъа белларш билггала денлург хилар Муса-пайхамаро гайтира коканийн колл йогучу хенахь. Мусас Везачу Элах „ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела“аьлла. 38Амма Дела беллачеран Дела вац, дийначеран Дела ву, хӀунда аьлча Цунна гергахь массо а дийна ву!»

39И хезча, цхьаболчу Ӏеламчу наха элира: «Дика жоп делира Ахь, Устаз!» – аьлла. 40Кхин цхьа а Цуьнга хаттар дала ца хӀуттура.
Copyright information for CheCAC2012