b Забур 117:22.

‏ Luke 20:9-19

Кемсийн беш лелорхочух лаьцна хьекъале дийцар

(Маттай 21:33-46; Марк 12:1-12)

9 aЮха Ӏийсас нахана цхьа хьекъале хӀума дийцира: «Цхьана стага кемсаш йийна хилла. Уьш лело белхалошка дӀа а елла, дуккха а ханна цӀера ваьлла хилла иза. 10Кемсаш хуьлучу хенахь шен ялхо вахийтина цо белхалошна тӀе, гулбинчу стоьмех цхьа дакъа да шена аьлла. Амма белхалоша ялхо, етта а йиттина, ваьсса цӀа хьажийна. 11ХӀусамдас кхин цхьа ялхо а вахийтина, амма цара, етта а йиттина, сийсаз а вина, хӀумма а ца луш, дӀахьажийна иза а. 12Цо кхозлагӀа ялхо вахийтина. Белхалоша йиттина, цӀийх а вуьзна, эккхийна иза а. 13ТӀаккха хӀусамдас аьлла: „ХӀун дан деза ас? Сайн хьоме кӀант вахийта веза ас, цуьнга мукъана а ларам хир бац теша церан?“ 14Амма шайна тӀевеана и кӀант гича, белхалойн сацам хилла: „Иза хинволу хӀусамда ву. Вай иза вен веза, тӀаккха цуьнан бахам вайна буьсур бу“. 15Кемсийн бешара ара а ваьккхина, вийна цара иза.

Ткъа хӀинца хӀун дийр ду царна хӀусамдас?
16Ван а веана, и белхалой байа а байина, кхечаьрга дӀалур ю-кх кемсийн беш».

ЛадугӀучара элира: «Иза иштта ма хуьлийла!»

17 bӀийсас, леррина цаьрга а хьаьжна, элира: «ХӀун маьӀна долуш ду Делан Йозанан дешнаш: „ГӀишло еш пхьераша дӀакхоьссина тӀулг
цӀийнан сонан йистехь коьрта тӀулг хилла, дӀахӀоьттина“?

18Муьлхха а оцу тӀулга тӀе охьавоьжнарг аталур ву, ткъа и тӀулг цхьанна тӀе боьжча, цо хьошур ву».

19И дийцар шайна дуьхьал далийна дуй кхетта, цу сохьта Ӏийса лаца аьтто лоьхура динан дайша а, Ӏеламчу наха а. Амма уьш нахах кхоьрура.
Copyright information for CheCAC2012